Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ООН: дуьненахь 83% адамаш озабезамца хьоьжу зударшка

60 пачхьалкхехь 83% бахархой шатайпа озабезамца хьоьжу зударшка, боху ООН-н Кхиамийн программин керллачу талламехь. Цунах лаьцна дуьйцу Радио Свободас.


Талламашца а догIуш, 2017-2022 шерашкахь зударшка озабезамца хьоьжура 81% зударий а, 85% божарий а. Политикица, экономикица, Iилманан сферашца, иштта тIе куьг кховдо мегарг цахиларх йоьзна озабезаме ойланаш хиларх дIахьедира цара. Итт шо хьалха бина хиллачу талламца дуьстича, жамIаш кхин хийца ца делла, аьлла хета докладан авторшна. 


Хеттарш динчех ах гергга дакъана хета, политикан хьалханчан, йа бизнесан долахочун васт божарша гIолехьа леладо зударшачул а. 67% адамаша тIелоцу божарша шайн зударшна йеттар, йа муьлхха а аборташ нийса ца хета царна.


Хеттарш диначех болчу Оьрсийчоьнан бахархойх 10-нна йуккъера 9 стеган шайтайпа озабезаме ойланаш йу зударшкхьа. 70% адамаша бохура, политикан, экономикан куьйгалла лелорехь божарийн зударел а чIогIа корматалла йу, 57% – зудчунна тIекховда цамогорах лаьцна а бистхилира. Амма 2010-чу шерашкахь дуьйна хьал политикан агIонехь бен ца таделла – эха процентана герга. Диссина жамIаш кхин а чолхе ду. 


Зударшкхьа уггар кIезга озабезаме ойланаш йолуш хилла Керлачу Зеландин бахархой: царах 72% стаг ву цхьа а озабезаме ойланаш йоцуш. Таджикистанехь зударшкхьа озабезаме ойла йолуш хилла хеттарш динчу нахах 99,9% бахархой. Цул сов, цхьа а стаг ца карийна, зударшкхьа цхьа а озабезаме синхаам боцуш – изза гучудаьлла Ливехь, Нигерехь а. Пакистанехь цхьа а зуда дуьхьал ца хилира шех лаьцна озабезаме нехан ойланаш хазийча.


Феминистийн боламаш а, #MeToo акцеш а хиллашехь, зударийн бакъонашкахула долу хьал талхочу бахьанех ду боху эксперташа Афганистанехь "Талибан" боламо Iедал дIалацар, Трамп Дональд Цхьанатоьхначу Американ Штатийн президент харжар, иштта Къилбан Корейхь "антифеминистийн" хьежамаш болу куьйгалхо Юн Сок Ель хIоттор а.


"Суна дегайовхо ло, кегийрхой оцу хьолана реза цахиларо а, йукъараллехь цхьатерра адамийн бакъонаш хила лууш уьш хиларо а", – аьлла хета немцойн гендеран талламхо йолчу Штёкль Хайдина. 




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus