Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ГIалгIайчохь леттачара бехказа буьйлуш видеош дIаязйина полицин декъехь

Кху шеран Зазадоккху-беттан 30-хь Магасехь полисхо а лазош, хиллачу дуккхаъчу нехан летаршкахь дакъа лаьцначара бехказа буьйлуш видео дIаязйина.


Республикан вахархочо Сапралиев Хьусайна "Фортанго" арахецначу видео тIехь дIахьедо, "ша далийта йиш йоцу хIуманаш далийтина шегара бакъонаш Iалашъяаран органийн белхахочунна гергахь, кхин и саннарг дийра дац ша олий, къинтIера бовлар доьху".


Летачаьрца хиллачу Сапралиев Адама аьлла, "чIогIа дохковаьлла ша, белхахошка къинтIера бовлар доьху", кегийрхошка кхайкхамбина цо "ишттачу барамашкахь" дакъа ма лаца аьлла.


Бехказаваьлла кхин а цхьаъ меттигера вахархо Гагиев Мохьмад-Башир. Латаран декъашхо хилла, лехамашкахь волу Сапралиев Батыран воккхах волчу вашас Сапралиев Мохьмада иза схьакарон дош делла.


Летаршна тIехула бехктакхаман гIуллакх айдина "Iедалан векална кхераме боцу ницкъ барна" аьллачу Iедалан къепехь. Бехкечарна 200 эзар соьма тIера гIуда тоха а, иштта пхеа шаре кхаччалц чохь яккха хан тоха а кхерам бу.


Зазадоккху-беттан 30-хь полицин Магасера патруль кхечира дуккха а нах вовшахкхетта, леташ бу аьлла,  хаам хилча. БакъонашIалашъяран органийн хаамца, полисхойх бIаьрг кхетча, масех конфликтан декъашхочо уьш бахкарна шайн реза ца хилар гайтира, къамелашца дов доьдучу юкъанна царах цхьаъ полицин сержантана тIекхийтира, дуьйцуш бахьана доцуш.


Цуьнан хаамашца, тIелеттачо хадархочунна масех тохар динера, цул тIаьхьа цуьнан хIаваэ герз кхийса дийзира шен табелан тапчаца. Оцу хеначохь низам хедийнарш меттигера къайла бевлира.


Сержантан коьртан, юхь тIера, дегIан кIеда дилхана чевнаш йина хилар билгалделира, иштта аьрру голан хоттар лазор а.



Кизилюьртан кIоштан куьйгалхочо, Кизилюьртан гIалин гонан куьйгалхочо, иштта Москвахь автобус чохь харцахьа а лелла, республикехь резонанс айъийна волу 29 шо долчу Болатукаев Шугаипан дас-нанас а бехк ца биллар дийхира кху шеран Дечкен-баттахь.
Иза хилале масех де хьалха Нохчийчоьнан а, Дагестанан а векалш Краснодаран махкара Молькино-эвларчу тIеман декъан эскархошна хьалха бехказа бийлира, беллачу спецназхошна хIоттийна хIоллам сийсазбарна бехке беш болу, цигахь тIеман декхарш дIахьон шайн махкахой бахьанехь.
Нохчийн пачхьалкхан телехьожийлехь а, меттигерчу хьаькамийн аккаунташкахь а сих-сих гучуюьйлу нах бехказа буьйлуш, репортажаш. Нохчийчуьра бахархой "аьшнаш бен" видеон терго йина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссионо, дуьненаюкъарчу динан маьршонах 2021-чу шарахь зорбане яьккхинчу рапортехь. Талламчийн авторша хьехна Вашингтонна, Нохчийчоьнан зорбанан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш яха аьлла.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus