Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ЕСПЧ: вийначу Литвиненкох жоьпалла Оьрсийчоьнна тIехь ду

2006-чу шарахь къайлахчу сервисийн эпсар Литвиненко Александр верах жоьпалла Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоьнна тIехь хилар къобалдина. Шинарин дийнахь зорбане баьккхинчу сацамтIехь яздарца, 2006-чу шарахь Британехь радиоактиван полоний олу дIовш а малийна, Ливиненко верна Оьрсийчоь ю жоьпалле. Кхело динчу хьесапца, Оьрсийчоьнан Iедалхойн агенташ санна лелла Луговой Андрей а, Ковтун Дмитрий а, хетарехь, бехке ву Литвиненко верна.


Литвиненко Александрах йисинчу Картер-Литвиненко Марияс 2007-чу шарахь бинчу латкъамна жоп луш, оцу кепара сацам бина кхело. ЕСПЧ-н сайтехь зорбане хIоттийна бинчу сацамах пресс-релиз.


Президентан Путин Владимиран критик, къайлахчу сервисашкахь цхьана хенахь болх бина Литвиненко верна Луговой а, Ковтун а бехкехлар тIечIагIдеш,  британхоша бинчу талламан жамIашна тIетовжу кхел.


Хиллачух британхойн верси дIататталуш, Оьрсийчоьнан Iедалхоша цхьана а кепара шаьш тешон тоьшаллаш шайга кхачийна дац, йа шаьш эвсара гIуллакх теллина а дац аьлла, билгалдаьккхина Европан бакъонашкахула йолчу кхело. ЕСПЧ-но сацамбина, Литвиненкон вахаран бакъо йохийна Оьрсийчоьно, иштта, кхачам боллуш иза кхалхарх таллам бина бац аьлла.


Британхоша шайн талламехь Луговойн а, Ковтунан а бехк бара аьлла, тIечIагIдинехь а, Европан кхело теллина, и нах Оьрсийчоьнан Iедалхойн омраца лелаш бара олийла дуй а. Кхелана хетарехь, Литвиненке цабезам хилар бен, кхин цхьана а кепара тоьшаллаш дац.


Кхело бинчу сацамца, Литвиненкох йисинчунна 100 эзар евро компенсаци охьадилла декхаре ю Оьрсийчоь, ишта, кхелана яйина харж а. Оьрсийчоьнан къайлахчу ницкъашкахь болх бинчу,  Лондонехь полоний-дIовш даларца вийначу Литвиненко Александрах йисинчу зудчо адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхелехула 3,5 миллион евро дехнера гIудан метта. ЦIийнда верах хиллачу цатоманна а, оцу бахьаница доьзална рицкъанца хиллачу эшамна а дуьхьал доьху ахча Литвиненко Маринас. Орзан бухе дуьллура зудчо, дина зулам къаьсттина ирча хилар а, и зулам схьадаьллачу меттера кхин дуккха а цунах тера зуламаш схьадевлла хилар а, церан орам орзахочунна дIалакъо лаар а. Амма ЕСПЧ-но и лаам цуьнан кхочуш ца бина.


Велла Литвиненко Александр 2006-чу шеран Iай. Британино чIагIдарехь, къайлахчу сервисехь эпсар лаьттинчу, тахана Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Луговой Андрейс а, цуьнан доттагIчо, бизнесхочо Ковтун Дмитрийс а дIовш тесна Литвиненкон чайна чу, шаьш иза кафе кхайкхича. Амма Луговой а, Ковтун а кIера ца хилла шайн бехканна, ца вахара иза шиъ шайна тIехь Лондонехь еш хиллачу кхеле а.


The Guardian газетанна ша еллачу интервьюхь Литвиненко Маринас дагалоьцу химин герзаца Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна а дина зен, Навальныйна дIовш далар. Европера цхьамогIа пачхьалкхаш а, церан кхерамзаллин урхаллаш а тешна ю оцу зуламашна тIехьалаьтташ Оьрсийчуьра Iедал хиларх.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus