Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Къаьстина дукха доьзалш буху Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а

Карарчу шеран хьалхарчу пхеа баттахь Оьрсийчохь дIасакъаьстина 251 сов доьзал – ворхI шеран рекорд ю иза. Оцу кепара зераш далийна дуьненаюкъарчу аудитан- консалтинган FinExpertiza машано. Цара дина жамIаш довзуьйту "Лента.ру" гIирсо.


Динчу зерашца а догIуш, Оьрсийчохь доьдучу шеран Дечкен-баттера Стигалкъекъа-батте кхаччалц доьзалш бохар дистина 44 процентна цул хьалхарчу шарахь оццу хеначохь хиллачуьнца дуьстича. Пачхьалкхан йоллу регионашкахь хаало ишта хьал.


Къаьсттина дукха дIасакъестарш даьржина ГIалгIайчохь (3,5-зза сов), Нохчийчохь (2,7), Дагестанехь (2,1), Кхарачой-Чергазийчохь (2), Къилбаседа ХIирийчохь (2).


Доьзалш къастаран динамикехь 15-гIа меттигехь ю Москва – 63 проценте лакхадаьлла цигахь къаста луучийн терахь.


КIеззиг доьзалш буху Белгородскан (15%) а, Воронежан (19%) а, Калининградан (19 процент)а кIошташкахь. Ненецкан автономин гонашкахь 23 проценте ду терахь.


Компанин президенто Трубникова Еленас билгалдаккхарца, тIаьххьарчу итт шарахь доьзалш кхолларна а, къастарна а юкъара хадар лахлуш ду. Нагахь санна, 2012-чу шарахь зударий балор 31 процентна къастарал а сов хиллехь, карарчу заманчохь ялх проценте лахделла и терахь.


Маршо Радионо стохка яздира, Къилбаседа Кавказехь зударий балор а, доьзалш бохар а лахделла хиларх коронавирусца доьзна нах чохь совцаро. Статистикан урхалло Росстато тоьшалла дарца, шеран хьалхарчу беа баттахь кегийнаха доьзалш кхоллар лахделлера 76,9% цул а хьалха хиллачу шарца дуьстича.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus