Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Шемахь лоьран болх бина Кхарачой-Чергазийчуьра зуда жоьпе озийна

Шемахь йолу Кхарачой-Чергазийчуьра 30 шо долу яхархо шеконе эцна, террорхойн тобанехь хилла ю аьлла. Бехкзуламан гIуллакх айдина цунна дуьхьал, хаам бина махкарчу талламан комитетан урхаллан декъо.


Талламчийн версица, 2016-чу шарахь Марсхьокху-беттан 12-чохь Туркойчу дIаяхна шеконейиллинарг, цигара дIа Шема кхаьчна иза. Раккъерчу лазартнехь лоьран болх беш хилла цо, оцу юкъанна "экстремистийн идеологина реза а йолуш".


Оцу заманчохь, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша Раккъа "халифатан" шахьар ю аьлла, дIакхайкхийнера. 2017-чу шеран ГIадужу-баттахь маьршаяьккхира гIала.



Мангал-беттан юьххьехь Дагестанехь бехктакхаман гIуллакх дуьхьал даьккхира 23 шо долчу Дербентан кIоштарчу вахархочунна. Террорхойн тобанех дIакхета лаам болуш хиларна а, терроризмна ахча латтарона а бехкевора иза.
ГIуран-баттахь ГIебарта-Балкхаройчохь бехкзуламан гIуллакх долийра терроризмна бехкевечу меттигерчу шина вахархочунна дуьхьал. Бакъоларъяран органаша хаам барехь, даIишах дIакхета Iалашонца Шема дIабахана хиллера уьш, кхин юха а ца баьхкира.




Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus