Халкъан гуламна кечлуш ю Соьлжа-ГIала
Гуламе еккъа цхьана Туркойчуьра вогIур ву 37 делегат, боху хьасто.
Ахтаев Увайсан цIарх долу волейболан цIа къастийна гулам дIабахьа.
Нохчийчохь кхушеран Гезгмашин-беттан 19-чу дийнахь Iедалан массо а тIегIанашкахь дIахьонболу харжамаш дага а лоцуш, махкара халкъ глобалан политикан боламашна, хийцамашна хьалха лаьтташ хилар юьхьар а оьцуш, Нохчийчуьрчу Юкъараллин палатин кхайкхамца гуллуш ю Нохчийн Республикан халкъийн дуьненаюкъара форум, боху "Грозный-информ" агенталло.