Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Навальныйна дIовш далар: Германин позицино "доккха халахетар дина " Оьрсийчоьнна

Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуро дIахьедина, Навальный Алексей шен махкарчу дарбан хIусаме кхачарх лаьцна шега динчу хеттаршна жоп дала юха а реза ца хилла Германи, аьлла. Москвана хетарехь, цхьацца бахьанаш а кхуллуш, хеттарш жоьпаш доцуш дуьту германхойн агIоно.


Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурехь билгалдаьккхина, Германерчу коллегаша кхочуш ца до 1959 шеран Охан-беттан 20-чу дийнахь буха куьйгаш яздинчу "Бехктакхаман гIуллакхаш толлуш вовшашна гIодарх йолчу Европан конвенцин" тIедахкарш, аьлла.


Deutsche Welle ("Немцойн тулгIе") радионо хоуьйту Германино юридикан гIо кхачош, хьалха маситтазза делла хилла жоьпаш Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуро "аьттехьа а тоаме доцуш" лерина хилар. Федералан юстицин гIуллакхашкахула йолчу урхалло дIахьедо, Навальныйна дIовш даларх лаьцна Оьрсийчоьно динчу хеттаршна ша доьазза жоп делла хиларх лаьцна.


Цхьана декъехь аьлча, Москвага дIаделла Берлинан прокуратуро Навальныйгара эцначу тоьшаллийн протоколаш – иштта хаам баржийна DPA агенталлехула Чиллан-беттан 15-чохь Германин юстицин министраллин векало. ХIетахь Германин Iедало дегайовхо къадийра, "Навальныйна дуьхьал дина зулам ма-оьшшу талларехьа Оьрсийчоьно сихха гIулчаш йохург хиларан" хьокъехь. "Бехктакхаман гIуллакх доло мел оьшург Оьрсийчоьнан карахь ду – Навальныйн цIийн а, дилхан а, бедарийн а анализаш", - дIахьедира хIетахь Германин юстицин министраллин векало.




 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus