Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

ТимурзиевгIеран дас гечдар дехна, шен шина кIантера даьллачух

Нохчийн полисхо шайн кIенташа верна ТимурзиевгIеран шина вешин дас Тимурзиев Ахьмадхана массаьрга а гечдар дехна. Меттигерчу "Грозный" телеканалан эфирехь гайтина да вистхуьлуш сюжет. Тимурзиевс дIахьедина, лецначул тIаьхьа шайца гIиллакхехь доцург ца лелийра полисхоша аьлла. Шен ши кIант бехкехиларх шеконаш яц шен аьлла цо.


"Шун бераша теракт йина элира тхоьга. Стигал къовкъар санна хIума дара и тхуна. Со айса хIун леладо хууш а вацара. Делахь а, бакъ хилла дели иза. Сан бераша, схьагарехь, цхьаъ лелош хилла шайн телефонашкахула, цхьаммо корта  дIабаьхьна хилла церан. Цара зулам дина хилар - цIена бакъ ду. Суна гайтина уьш тIелеташ яьккхина видео", - аьлла байъинчу вежарийн дас.


Шайн доьзалшкара даьллачух жоьпалла шена а, шен хIусамнанна а тIехь ду боху Ахьмадхана. "Тхо бехке ду. Оцу шина кIентан да суо хиларе терра боху ас, сан бехк бу доьзалера даьллачунна", - аьлла Тимурзиевс нохчийн телеканалехь оьрсийн маттахь.


Цул тIаьхьа гIалгIайн маттахь дIахьедо цо "сайн къомана хьалха а юьхьIаьржа ву со".


"Цхьаннан а бIара хьажа юьхь яц сан", - аьлла дас.


Шина кIиранах латтийра вийначу шина вешина да Тимурзиев Ахьмадхан а, цуьнан хIусамнана Лидия а, йоI Зарета а нохчийн полисхоша лаьцна. Де хьалха маьршабаьхна уьш.


Официалан версица, ППС-н шина полисхочунна тIелеттера арсашца ГIалгIайчуьра веана ТимурзиевгIеран ши ваша Хьасан а, Хьусайн а, цаьргара герз даккха Iалашонца. Оцу тасадаларшкахь вийра полицин лахара сержант, 22 шо долу Джабраилов Мохьмад, чевнаш йира цуьнан накъостана. Оцу меттигехь герзаш тоьхна, вийра ТимурзиевгIеран ши ваша.


ГIалгIайчуьрчу ТимурзиевгIеран а, вийначу ДжабраиловгIеран а цIийнах болчашна юкъахь маслаIат хуьлуш, дирзира гIуллакх.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus