Казахстанан арахьарчу гIуллакхийн министралло нота хьажийна Оьрсийчоьнна, Пачхьалкхан Думан депутато Никонов Вячеслава аьлларг бахьана долуш. Хьалхарчу каналан эфирехь цо дIахьедина "Казахстанан nерритори – доккха совгIат ду Оьрсийчоьно дина долу", аьлла.
Казахстанан арахьарчу гIуллакхийн министран гIовса Саздыков Марата шаьш цецдевлла хилар хаийтина, цхьана ханна Оьрсийчьнан Федерацин гIуллакхашкахула векал волчу Комаров Александре, Никоновс шайн республикан территорех лаьцна дийцинарг бахьана долуш.
Казахстанан арахьарчу гIуллакхийн министраллана хетарехь, Казахстанах лаьцна оцу тайпа Оьрсийчуьрчу политикаша питане хIуманаш дийцаро зен до шина пачхьалкхан юкъаметтигашна.