«Юьртахой ДАIИШ-е ийзорна» 8 шо хан тоьхна нохчочунна
2017-чу шеран аьхка шен кIоштарчу Алпатово юьртара бахархой ДАIИШ-ан могIаршка кхойкхош хилла цо. Иштта хаам баржийна Нохчийчуьрчу ФСБ-н урхаллин пресс-векалто.
Хьалхо Кавказ.Реалиино хаийтира Ростоврчу тIеман кхело терроризманна беке а вина, Нохчийчуьра вахархо Таймусханов Султан 6 шарна набахте хьажорах лаьцна.