ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 17 пациент. Вирус къаьстина 600 стагаца. Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу штабан статистикаца, Краснодаран кIоштахь велла ялх дархо, Дагестанехь а, Ставрополан махкахь а пхиппа, ГIебарта-Балкхаройчохь кхелхина цхьаъ.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 ун токхуш ву 1 467 пациент. ТIаьххьарчу дийнахь, бусий динчу зерашца, къаьсттина алсам бу ун даьлла нах Ставрополан махкахь: 139 стаг:
Ставрополан махкахь̆ +139 (14 487 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIоштахь + 94 (12 937)
Дагестанехь +85 (12 514)
ГIалмакхойчохь +69 (5 681)
Кхарачой-Чергазийчохь+64 (6 285)
ГIалгIайчохь+47 (5 136)
ГIебарта-Балкхаройчохь+42 (7 19I)
Къилбаседа ХIирийчохь+32 (5 440)
Адыгейхь+22 (3 775)
Нохчийчохь + 7 (2 374)
Тахана, Гезгамашин-беттан 19-чохь Iорадаьхначу терахьашца, Къилбаседа Кавказехь коронавирусан ун ловш ву 75 820 дархо. Оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь къаьстина вирус 1 097251 вахархочуьнца.