Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах велла 5 стаг, цомгуш хилла - 339
Уьнна дуьхьалоечу Оьрсийчоьнан Оперативан штабан хаамца, Дагестанехь кхелхина уьнах ши стаг, цхьацца – Ставропол-махкахь, Кхарачой-Чергазийчохь, Кранодар-махкахь. Коронавирусах юьхьанца дуьйна велла Къилбаседа Кавказехь 876 стаг.
Дийнахь-буса а, пандеми яьржичхьана схьа а цомгуш хиллачийн терахьаш:
Ставропол-мохк+75 (6239)
Краснодар-мохк + 64 (6785)
Дагестан + 46 (8514)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 42 (5604)
ГIалмакхойчоь + 33 (2182)
Кхарачой-Чергазийчоь + 21 (4065)
Къилбаседа ХIирийчоь + 16 (4256)
ГIалгIайчоь + 16 (3318)
Адыгей + 16 (2258)
Нохчийчоь + 10 (1842)
45 007 стагах хьакхаелла Къилбаседа Кавказехь COVID-19 ерриг а хена чохь. Оперативан штабо бахарехь, ерриг а Оьрсийчохь Товбецан-беттан 13-чу денна и терахь ду 733 699.