Американ векал: Оьрсийчоьнан эскархой хьекъалдоцуш лела Шемахь
Полковника Кэггинса комментари йина Оьрсийчоьнан а, Американ а гIагIдиллинчу машенаша дакъалоцуш еарин дийнахь Шеман малбалехь хиллачу инцидентана. Цуьнан видео шуьйра яьржина интернетехь.
Камышлы гIалахь оьрсийн "Тигр-М" олу бронемобиль хьалхаяла гIоьртина амеркахойн M-ATV Oshkosh цIе йолчу гIагIдиллинчу машенна, амма Американ эскархоша чекх ца ялийтина иза. Оьрсийчоьнан гIагIдиллинчу машенна кIелваххаза ваьлла некъаца вогIуш хилла маьрша шемахо.
"Низам дохийна Оьрсийчоьнан патрул араяьккхина Американ ницкъаша операцешь дIахьочу территорин дозанал а" – аьлла дIахьедар дина Кэггинса The Jerusalem Post газетана ша еллачу комментарехь.