Гадаев Мохьмад-Салахь
Хьегар
БIаьстенан байн мох хьовзийна,
ТогIи чохь гIаргIанаш* техка.
Хьегаран ницкъо Iовжийна,
Йолаза** кийрахь со кхехка.
Вайшинна доьгIний те
вовшаха кхета,
Мерзачу маттара
далхадан къа?
КIайн дуьне дерриг а
ваьшшиннан хетта,
Вайша доьгIний, хьовха,
лахдала цкъа?..
БIаьстенан аьхна мох хьоькху.
ГIаргIанаш цо техкадо.
Вайшиммо хьоьгуш хан тоькху.
Хьегаро дог кхехкадо.
------
* гIаргIа - хийистехь дика кхуьуш долу дитт, таьллийн тайпа
** йолаза - ял йоцуш