Мы в Telegram
Добавить новость

На берегу бухты начался монтаж памятника «Пионерам освоения Колымы и Чукотки».

Один человек пострадал при столкновении четырех машин на КАД в Петербурге

Фонтан спроса. Российские туристы готовы ездить на реки и озера вместо моря

"Ъ": экс-главе "Автодора" грозит 14 лет за ущерб в 2 млрд рублей

World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Ларде Iалам (берашна)

Ларде Iалам (берашна)

Iаламат маса кхуьуш го дуьненчохь техникан прогресс. ХIоранна а чохь шиъ-кхоъ компьютер ю тахана, ткъа интернетера цхьа информаци эшахь,  цу чуьра иза схьаэца а ма оьшу дуккха а кехат. Ткъа хьаннаш ца хьаькхча аьтто бац кехат дан.

Иштта хIора а аьлча санна, хIусамехь шиъ-кхоъ машен ю лелош. Соьлжа-гIалин некъаш тIера хьал тергалдича, ванах, адамел а дукхох ю-кх машенаш олий, ойла кхоллало хьан. Хууш делара царна массарна а, оцу технико ягочу коьчаллийн кIур вуно зуламе буйла адамна а, Iаламна а. Дийцарехь, хIора шарахь 150 сов тонн дIовш даржадо цара.

Ши шо хьалха интернетехь дийшира ас, Францин коьртачу гIалин Парижан мэро низам юкъадаккха сацамбина, шайн гIалахь Iаламан тIаламбан Iалашонца аьлла. Цуьнца а догIуш, ткъех шераш хьалха арахецна машенаш а, мотоциклаш а белхан деношкахь Iуьйранна сарралц Парижан некъашкахула хехкар доьхкуш дара. Оцу низамца бехделлачу хIавао бахархошлахь даржон лазарш мел а лахдийр ду аьлла, хьесап динера Iедалхоша.

Ткъа вайн пачхьалкхех дерг аьлча, халахеташ делахь а, боьха хIаваъ бахьана долуш алсам баларш хуьлучу итт пачхьалкхашлахь ю Оьрсийчоь, аьлла, дIакхайкхийра дуьненчуьрчу Iаламна тIехь терго латточу Iилманчаша.

Роспотребнадзоро бинчу талламашца, хIора шарахь Оьрсийчохь мел лахара а 5 эзар стаг ву леш боьхачу Iаламах зулам даьлла.

Ванах, вуй-те хьаькамашлахь Iаламна сагатдеш стагга а? Доьзалера дуьйна, берийн бошмашкара, школашкахра схьа бан безаш болх ма бара хIара. Жимчохь дуьйна баккхийчара хьеха дезара тIекхуьучу тхуна, синтарш кегдан мегар дац, хIунда аьлча, юха ден а делла, кхиа дуккха а шераш оьшу царна. Мегар дац дийнатийн баннаш дохо а, сагалматаш хIаллакъян а, нехаш мич-мичахь а охьатийса а бохуш, хьехарш дан догIура воккхачо, дас, нанас. Жимчохь дина хьехар гуттаренна а дагчохь дуьсу, цул совнах, массо а хIумане безам а жимчохь дуьйна кхиош бу.

Аьхка школера дIахецча юьртахь йоккху ас дукхахйолу хан. Юьртарчу берашца цхьана хьаннашкахула лела тхо, ирзеш толлуш. Дуккха а адамна садаIа томехь йолчу меттигашна тIеIиттало тхо. Амма бIаьрг боду: нехех, шишанех йоьттина хуьлу-кх уьш.

Шена тIаьхьа цIано а ца еш, дерриг а тесна а дуьтий дIабоьлху цхьаберш. Мел дукха нехаш хуьлу хишна, Iаьмнашна, хIордашна тIехула нека деш. Даккхий зенаш до цара чIерашна а, хи тIехула лелачу гIезашна а, бедашна а. Цуьнан ойла еш ца хуьлу тахана ур-атталла воккханиг а...

Школехь хьеха йолийна экологин дисциплина. Iаламат оьшуш, пайден ю аьлла хета суна цуьнан урокаш. Тхуна дуьйцу хьехархочо гонахарчу Iаламах лаьцна, хIаваъ муха Iалашдан деза, лара деза, цуьнан хама ца бар бахьана долуш, мел даккхий зенаш хуьлу адамашна а, шена Iаламна а бохуш.

Йовхачу хенахь баттахь цкъа-шозза субботнике арадовлу тхо йоллу классаца школан го а, цунна тIе боьду некъ а цхьана цIанбо оха. Къаьсттина новкъадогIу суна, лаьттахь Iуьллуш пластикан шиша гича. Массарна а хууш ма ду, пластик яхка ца лой а, еххачу хенахь лаьтта тIехь ша ма ярра иза юьсуш юйла а. Ца кхета со, ша хи я мутта мелла ваьллачул тIаьхьа, Iаламан пусар ца деш, муха кхусур ду иза адамийн когаш кIел?!  Массо а Соьлжа-гIалин урамашкахь а, нах дIасалелачу меттигашкахь а хIиттийна нехаш кхуьйсу урнаш ма ю.

Кхин цхьа хIума а эр дара ас, къаьсттина баккхийчарна тIехь ду жоьпалла аьлла хета суна. Масала, хьуьнхахь самукъадаккха гулло уьш, цIераш летош, шашлыкаш йоттуш, чIерий лоьцуш.

Шаьш дIасадовлучу хенахь, кхачам боллуш йогу цIераш дIа ца йойу цара, шайна тIаьхьа нехаш юьту, пластикан а, ангалин а шишанаш, бухадисинчу ялтийн а цхьана пусар ца до.

Со теша, билггал Iалам дезачу адамо доладийр ду гонахарчу дуьненан, шен чохь цIенкъа юккъе кехат кхусур доцчо, арахь а ларйийр ю цIано. Цхьаммо кхоамза нехаш юхкуш гахь, я шиша дIаласточу хенахь цо бехк боккхур бу, хьехар дийр ду, иштаниг мегар дац аьлла, жил-Iалам лардар хIораннан а декхар дуй а хоуьйтуш.

Дуккха а дика, оьзда, пайден гIиллакхаш, ламасташ долуш, бийца турпалхой болуш къам ду вай, амма ойла ца еш къам а ду аьлла, тIетухур дара ас.

Зуламечу газах дуьне дуьзна хилча, вай са муха доIур ду? Хиш бехдича - мала хи доцуш ма дуьсу вай! Хьаннаш а хIаллакйича, сагалматаш а яйича, кхин дIа муха даха дохку вай? Тахана вайна а, кханалерачу вешан тIаьхьенан дуьхьа вай Iалашдан деза дуьне а, Iалам а, вешан мохк а.

Дуьненчуьрчу Iилманчаша чIагIдо, тIемашкахьчул а дукха нах экологи ледара хиларан бахьанашца леш хилар. ХIаваъ боьха хиларо гучудоху боху цара адамашлахь дагца а, садаIарца а, онкологица долу а лазарш.

Цуьнан ойла а яй, ларде вай Iалам? ТIаккха Iалам вайца а хила тарло къинхетаме.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

HeadHunter: средняя зарплата соцработников в России составляет 38 тыс. рублей

«В девять лет я уже был очень любвеобильным». Актер Михаил Богдасаров вспомнил детство в шоу «Вкусно с Анфисой Чеховой» на ТВ-3  

Слащева: В России могут снять отечественный ответ на «Барби» Греты Гервиг

Глава Минцифры России Шадаев: на "Госуслугах" начали тестировать технологию GPT

Музыкальные новости

Генеральный директор КА «Главный Советник» принял участие в Бизнес-диалоге «Россия – Венесуэла»

Новости и Культура, Дети и Россия: Театр Ульгэр выступил в Этнографическом музее народов Забайкалья в Улан-Удэ

Приглашенные солистки выступят в опере «Руслан и Людмила»

Яндекс, А.С. Пушкин, Святой Ленин ведут следствие. Настоящая сенсация!

Новости России

Зарплаты в Финляндии, убытки финских шинопроизводителей и как Финляндия выкачивала деньги из СССР

После интервью В.Путина, политики ФРГ: возможно, в будущем немцы останутся без пенсий и пособий и с продуктами плохо будет

На берегу бухты начался монтаж памятника «Пионерам освоения Колымы и Чукотки».

Президент Боливии и «Роснефть» обсудили поставки жидких углеводородов из РФ

Экология в России и мире

Приглашенные солистки выступят в опере «Руслан и Людмила»

С чем носить юбку этим летом: примеры стильных образов

ГЕРОИЧЕСКОЕ УЧАСТИЕ АРМЯН В СВО. ЧАСТЬ ЧЕТВЕРТАЯ

Джомба, суттуг шай, кучу и другими видами чая в регионах России могут насладиться российские туристы

Спорт в России и мире

Российский теннисист Медведев снялся с турнира в Хертогенбосе

Уимблдон и Олимпиада? Что нужно знать о планах Рыбакиной после Ролан Гаррос

«Янника Синнера очень рано сравнивать с Роджером Федерером» // Тренер мужской сборной России по теннису Игорь Куницын — о главных событиях Roland Garros

Экс-теннисист Ольховский: Рублев не успел набрать форму на "Ролан Гаррос"

Moscow.media

На Орловщине 8-летний мальчик опрокинулся на электросамокате

В Москве арестовали бывшего замглавы Росприроднадзора по делу о мошенничестве

Портативный ТСД корпоративного класса Saotron RT-T70

Работать там, где удобно: беспроводная гарнитура Fstyler BH230 от A4Tech











Топ новостей на этот час

Rss.plus






"Ъ": экс-главе "Автодора" грозит 14 лет за ущерб в 2 млрд рублей

Карпин отметил прогресс Миранчука и Кузяева в Европе

В рамках фестиваля «Мода и красота» проходят интересные мастер-классы

Россия и Сирия провели совместные военные учения по обороне базы «Тартус» от безэкипажных катеров и БПЛА