Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарх 20 орден а, мидал а еш 4,6 миллион сом дойур ду Нохчийчуьрчу Iедало. Уьш дашо хир ю, бриллианташца а, рубинашца а, изумрудашца а кечйина а хир ю.
Цунах лаьцна хаам бо "МБХ медиа" зорбан гIирсо, Оьрсийчохь Iедалан цIарх цхьацца сурсташ оьцучу порталана тIе а тевжаш. Цу хаамца, "Кадыров Ахьмад-Хьаьжин безамна" 10 мидал йийр ю 750 проба йолчу дешех. Уьш кечйина хир ю 54 изумрудца, 18 бриллиантца а, 36 рубинца а.
10 орден а йийр ю оццу дешех. Орденан йозалла хир ю 58 грамм.