ГIалгIайн оппозицин лидерш политикан тутмакхаш лерина "Мемориало"
ГIалгIайчоьнан оппозицин лидершна дуьхьалдаьхна бехкаш бух боцуш ду аьлла сацамбина "Мемориалан" бакъонашларъярхоша. Ма-дарра дийцича, полисхошца тасадаларш хиларна кхоьручу лидерша, протестхошка дIасадохар доьхуш, кхайкхамаш беш хилла.
"Оха кхайкхамбо катоххий Барахоев а, Мальсагов а, Нальгиев а, Ужахов а, Чемурзиев а маьрша а бахий, уьш лецарна бехкеберш жоьпалле хIиттор", - яздо "Мемориалан" пресс-гIуллакххоша.
Журналистна, политикан жигархочунна Евлоева Изабеллина хетарехь, "Мемориало"а, кхечу бакъонашларъяран организацеша а тIедожо деза гIалгIайн оппозицин лидерш дIахеца аьлла.
"ГIалгIайчуьрчу протестийн жигархой "Мемориало" политикан тутмакхаш лацаро тоьшалла до уьш лецар бух боцуш хиларан. Кхечаьрца цхьана могIарехь дакъалаьцна Хаутиев Багаудин ца ваьккхина политикан тутмакхийн тептаре, иза а цу тIехь хила веза аьлла, тешна ю со. Оьрсийн а, дуьненаюкъарчу баъонашларъяран организацеша а терго а йина, тIедожо деза, уьш маьршабахар", - дийцина Евлоевас "Кавказ.Реалии" портале.