Гергарчу наха арз дича дIалаьцна Эрмлойчохь 21 шо долу гIалгIайн Кантышево йуьртара Зурабова Фатима – шен доьзалера ницкъбарна йедда хиллера иза. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин редакцига дийцина кхерамехь болчу зударшна гIо латтош йолчу "Марем" тобанан куьйгалхочо Анохина Светланас. Цхьана ханна Зурабова йехаш йолчу Аштарак гIаларчу цуьнан петаре баьхкира ницкъахой, тIаккха Ереванерчу Аветис Агорянан урамехь долчу полицин декъе дIайигира иза. Цунна дуьхьал диллинчу цхьа бехктакхаман гIуллакхах лаьцна дийцира низамхоша... Читать дальше...
ХIинжа-ГIаларчу дуьненайукъарчу аэропортехь антисемитийн къепедацарш хиллачул тIаьхьа 336 протокол хIоттийна низамхоша – дерриг административан артиклашкахула. И таллам арахецна "Медиазоно". Гулам хIотторан низамаш ца лардарна олу артиклехула диллина дукхахдолу гIуллакхаш (302), кхин 17 стагна бехк биллина, цхьана хеначохь дукха нах цхьана метте гулбарна, кхаанна – полисхоша аьлларг ца дарна, кхин масех стаг вуххьара леларна бехкевина. Протоколаш кхелашка кхочуш ду хIинца а. Кавказ.Реалиино йаздина ма-хиллара... Читать дальше...
Нохчийн пачхьалкхан телерадиохьожийлан "Грозный" канал дIакъевлина ютьюбо, тIаккха инстаграмо – республикан куьйгалхочуьнца доьзна лоруш долу ya_pomoshnik_kra_95 аккаунт а, Кадыров Рамзанан кхаа кIентийн аккаунташ а. Уьш дIакъовларна тIе тидам бахийтина нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Карарчу хенахь болх беш дац инстаграмера @tvgrozny, @ya_pomoshnik_kra_95, иштта Кадыров Адаман (@adam_benoevsky_kI3), Ахьмадан (@k95), Элин (@za_kadyrova_k209ra) аккаунташ. Муьлхачу бахьанашца дIакъевлина уьш, хууш дац. Читать дальше...