Нохчийн куьйгалхочун 15 шо долу кIанта шен ден кхерамзалла ларъйечу декъан куьйгалле хIоьттина. 20 шо хьалха шен дена Ахьмадан кхерамзалла ларйан ша Кадыров Рамзан а х1оттийнера. ТIаьххьарчу хенахь Кадыров Адам хьехош ву КъорIан дагорна лаьцначу Журавель Никитина къиза йеттарца доьзна.
Дагестанхойн поэтан Гамзатов Расулан йоьIан йоIа Израилан паспорт эцна, цунах лаьцна Амирханова Шахрис ша хаийтина инстаграмехь, паспортан сурт хIоттош. "Цецйаьлла, гIадйахна, дозалла до. Баркалла, йезаш со тIеэцарна, сан керла цIа. Аса дозалла до, хазахета суо кхузахь йолуш", - йаздина цо. Паспортан сурта тIехь долчу йозанца документ йаздина цунна 2023-чу шеран гезгамашин-беттан 21-чохь, Израилан радикалан ХЬАМАС тобанца тIо болабалале. Амирханован 45 шо ду, иза журналист а, дизайнер а йу, модех долчу Harper’s Bazaar... Читать дальше...