Нохчийчоьнан куьйгалхочун ден Кадыров Ахьмадан Москварчу Къилбаседа Бутоверчу хIолламна улле хьакхин корта а, бекон а йиллина вевзаш воцчу стага. ЦхьамогIа телеграм-каналашкахь гучуйелира и деш йаьккхина видео, тIаккха и дарна Барнаулера 19 шо долу жимстаг лаьцна боху. Москвахула йолчу ницкъаллин хьукматийн сайташкахь хиллачух дуьйцуш дац. Бусулбачу наханна магийна йоцучу хьакхин дакъош Кадыров Ахьмадан цIарх болчу урамера хIолламна улле кхоьссира, Москвахь кхин а цхьаъ маьждиг дийр ду аьлла хаамаш баьржича, дуьйцу Baza телеграм-канало. Читать дальше...
ГIалгIайчохь правительстван гIишлонна дуьхьал йолчу Бертан бIов тIе Палестинин байракх оьллина – тIаьхьо охьайаьккхира иза. Меттигерчу администрацехь дIахьедира, оцу барамна шаьш гунахь дац аьлла, и байракх оьллинарг, охьайаьккхинарг мила ву хууш дац. "Подъем" зорбано арахийцира и видео. Цу тIехь гуш ду, бIов тIера гIале бIаьрг тухучу майденехь и байракх оьллина хилар – рогIерчу бахархойн тIекхочийла ду оцу меттиге. "Комментареш ца йо. Иза хьалаоьллинчу наха охьайаьккхина иза", – дIахьедира Магасерчу администрацехь журналисташка... Читать дальше...