ГIадужу-беттан 5-гIа де – нийса 20 шо кхечира Оьрсийчоьнан декъахь а йолуш, Нохчийчохь духхьара президентан харжамаш хилла. Хи а доцчу гIалахь херцаршна тIехь харжамхойн кампани, ницкъахой тIе а хIиттийна, журналисташна концерташ хIиттор шайна товш боцчу кандидаташна Кремло Iаткъамбар, къайла а ца хьош, кхаьжнашца харцонаш лелор, "бинжолаг", эскархоша го бинчу гIишло чохь кхаьжнаш дагардар - иштачу хьелашкахь 2003-чу шарахь республикин президент хилира Оьрсийчоьнехьа вирзина Ичкерин хилла муфтий... Читать дальше...
Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана сийлахь "хьакъйолу социалан сферин белхахо" аьлла цIе йелла шен 23 шо долчу шолгIачу йоIана Хадижатна (Карина). Соьлжа-ГIалара школазхойн дешаран депратаментан куьйгаллехь йу иза. Цунна совгIат дарх Кадыровс хаийтина шен телеграм-каналехь, гIалина леринчу даздаршкахь совгIат далар нисделла. Иштта "Даймахкана гIуллакхаш дарна" II –чу бараман орденан мидал йелла Кадыровс шен гергарчунна, Соьлжа-ГIалин мэран даржехь волчу Кадыров Хас-Мохьмадна, гезгамашин-баттахь... Читать дальше...