Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура дIахьедина, "Новая газетан" журналистан Милашина Еленин кхерамзалла ша Iалашйийр йу, тIаккхахула иза Нохчийчу йеача, нагахь санна, ша цIахь хилахь аьлла. Товбеца-беттан йуьххьехь Милашинина а, адвокатна Немов Александрна а къиза йиттира муьлш бу цахуучу наха аэропортера Соьлжа-ГIала уьш богIуш. ХIетахь Солтаевс элира, ша махка йогIучу хенахь шега ала дезара аьлла. "Iазапашна дуьхьал Командин" белхахой цхьаьнакхийтира Солтаевца. Бакъоларйархоша дийцарехь... Читать дальше...
Чоьхьарчу гIуулакхийн министраллин белхахоша Соьлжа-ГIалахь меттигера йахархо Царалиева Роза лаьцна. Иза бехкейо бозбуанчалаш лелорна. Лаьцна йалийна иза а, цуьнан ши йоI а камерана хьалха хIоттийна церан йуьхьйаьхна исламан дарбанан Центран куьйгалхочо, Нохчийчохь мехкан урхалхочун уллорчу гонера лоруш волчу Эльжуркаев Адама. Царалиевна аьрзнаш динера цуьнан лулахоша, чIагIдо ЧГТРК "Грозный" телеканалан видео тIехь. Церан хIусаме баьхкинчу полисхошна карийнера "холмачхойн" гIирсаш, иштта цунна тIеоьху нах дIайазбина тептар а, боху сюжетехь. Читать дальше...