Мордовера ФСИН-н номер 1 йолчу колонихь хан токхучу Гаджиев Рамазана дIахьедина, хьукматан белхахоша шена тIехь ницкъбарх. Кавказ.Реалиин сайте дийцина цунах лаьцна Iазапаш хьегначу бусулбачу тутмакхийн гIуллакхаш лелочу Алиева Азас. Ахчанаш дохуш хилла аьлла, бехкевина таIзар дира Гаджиевна ХIинжа-ГIалахь, йалх шой ахшой такха деза цуьнан набахтехь. "Со чохь латточу камери чохь хьаштагIа а йац, куьйгаш дила меттиг а бац, хIуммаъ а йац. БархI дийнахь туалете ца вохуьйту со, йа лийча а, хи ца ло, волавала ара ца волуьйту. Читать дальше...