Оьрсийчуьра вовшахтоьхначу футболан клубан хилла тренер Черчесов Станислав духьал хилла нохчийн "Ахмат" клубан куьйгалла дан. И хаамбина, клубана гергарчу хьастана тIетевжина "Чемпионат" гIирсо. Черчесовс а, командо а оцу информацих лаьцна комментарий йина йац Оьрсийчоьнан премьер-лигин керлачу сезонехь Соьлжа-ГIалара клуб хьалхарчу йеа турехь доьазза ийшира. Оьрсийчоьнан Кубкехь Нохчийчуьра тоба шина а матчехь шозза йийшира. Цул тIаьхьа коьрта тренер Аушев Сергей дIаваьккхира. "Ахмат" клубан президент ву Даудов Мохьмад... Читать дальше...
ХIинжа-ГIалара автосервисехь а, бензин дуттучу меттигехь а цIе йаьлла, эккхийтар хилла, тIаьхьарчу хаамашца, 35 адам делла цигахь, хаамбина пачхьалкхан ТАСС агенталло, Оьрсийчоьнан МЧС-на тIетевжина. Беллачарлахь мел лахара а кхо бер ду. Хьалхо МЧС-о дIа ма хьедарра, зенаш хилла бIе сов стагана. Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс тезет дIахьедина марсхьокху-беттан 15-чохь, иштта цо тIедиллина Кумторкалинскан кIоштан дозана тIехь чолхечу хьолан раж кхайкхайе аьлла. Бохам хиллачу меттигехь гIишлош дIасайохуш бу хIинца а... Читать дальше...