Нохчийчохь Iедалхоша йуха а дIахьедина махкара дIаоьхучу бахархошна тIехь шаьш терго латтор йу аьлла. Меттигерчу зорбанан министро билгалдаьккхина, Кадыров Рамзана "шогаллица" тIеоьцу кхечу регионашкахь нохчий "товш доцуш" лелча. Регионехь ламасташ репресси йаран дакъа хиларх лаьцна дуьйцу Кавказ.Реалиин редакцига эксперташа. Нохчийчуьра къоман политикан, зорбанан, информацин министро Дудаев Ахьмада дIахьедира, республикера арабевллачу Нохчийчоьнан бахархойн "леларна" тIехь шен урхалло бIаьрг латтабо. Читать дальше...
Доьзалехь латточоу гIелонах йада гIоьртина 20 шо долу Исмаилова Селима мангал-беттан 13-чохь нохчийн ницкъахоша лачкъийна йигинчул тIаьхьа дуьххьара гучуйаьккхина. Камерана хьалха цо дIахьедина, ша дика йу, шена тIаьхьара а довла аьлла – иштта сюжет гайтина махкара каналан эфирехь. Бакъоларйархошна хетарехь, Исмаилова Селиме бертаза дайтина и. ЙоIаца цхьаьнакхетта махкара адамийн бакъонаш Iалашйан векал вина Солтаев Мансур. Исмаиловаца, "цуьнан ойланаш йарна тIехь а" психологаша болх бина, ткъа... Читать дальше...
Йитттина, дийцарехь, хьизийна йеллачу ГIалгIайчуьра Малгобекера 4 шо долчу Муцольгова Самирин гIуллакх зуьйчу талламхочо дуьхьало йина, зен хиллачийн агIонан адвокаташна гIуллакхан матераилаш йовзийта. Ца гайтаран бахьана далийна талламхочо зуламан-процессуалан кодексан артикл, цу тIехь билгалдаьккхина ду - зен хиллачун интересаш адвокато, уллора гергарчо йа бохамхочо векал винчо бен дIакхехьа йиш йац аьлла. Цунах лаьцна йаздо "Фортанго", адвокатана Беков Мохьмадана тIетевжина. Адвокато дийцина хьосте... Читать дальше...
Нохчийчуьра Нажин-Йуьртан кIоштан кхело товбеца-беттан 6-чохь шогачу хьелашкара колонихь даккха бархI шой ши буттий хан кхайкхийна Соьлжа-ГIалара таксхочунна Омаров Сайд-Мохьмадана. Иза бехке лаьрра Дагестанера аптекахо Кардашов Алексей верна а, цуьнан бахамна къоладарна а. Кардашовн гергарнаш ца теша таксхо бехке ву бохучух, хьалхо цара дIахьедира иза верна бехке нохчийн ницкъахой бу аьлла. Чиллин-бутт бовш дуьйна бехкзуламан гIуллакх луьстуш дара федералан суьдхочо Атаев Iадвана. Хьалхо прокуроро... Читать дальше...