Товбеца-беттан 4-хь журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а Соьлжа-ГIалахь дина тIелатар питана ду аьлла Нохчийчоьнан Iедалхоша. Зулам талла аьлла тIедожош, федералан Iедалхоша официалехь терго йинчул тIаьхьа бен бист ца хилира хиллачух лаьцна республикера хьаькамаш.
Де хьалха Нохчийчохь "Новая газетан" журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а динчу тIелатаран хьокъехь бехкзуламан гIуллакх долийна могушаллина зен дарна а, хулиганалла лелорна а. Цунах лаьцна Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнга дIахьедина Нохчийчуьра Талламан комитетан урхаллин хьалханчас Волков Виталийс, хаамбина урхаллин официалан телеграм-каналехь. Iедалан шина къепехула айдина гIуллакх: хаа а хууш, хулиганийн дог-ойланца цхьана тобано герз а лелош, йуккъерчу барамехь могушаллина зен дарна а... Читать дальше...
Цхьацца бехкамаш бина, талламан изоляторера араваьккхина Москван кхело нохчийн адвокат Идалов Тимур. Хьалхо прокурорна кхерамаш тийсарна бехктакхаман гIулллакх долийнера цунна дуьхьал. Кавказ.Реалии сайте ИдаловгIеран цIийнах волчо дийцарехь, адвокатана дихкина интернет а, телефон а лелор, иштта мегар дац цунна чуьра аравала буса итт сахьт даьллча Iуьйранна ворхI даллалц. Гезгамашин-беттан 12-чу дийне кхаччалц латтор ду дехкарш. Редакцица къамелдинчо бахарехь, интернет а, телефон а лело цамагаро дикка чолхе боккхур бу адвокатан болх. Читать дальше...