Кемерован кIоштара Анжеро-Судженск гIалара вахархочунна Тарышкин Олегана дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна, цо терроризм бакъйарна. Бахьана лерина, 2004-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу стадионехь хиллачу эккхийтарехь вийначу Нохчийчоьнан президент хиллачу Кадыров Ахьмадах лаьцна социалан машанашкахь йитина комментарий. Жигархо лецира меттигерчу дарбанан цIийнехь зазадокху-беттан 27-чохь, цигахь дарба дойтуш хиллера иза шена. Полисхоша а, ФСБ-н белхахоша а теллинера "ВКонтакте" машанахь цо мел йазйина хилла комментарий... Читать дальше...
Дагестанера Дербент гIалин кхело гIуда хьарчийна меттигерчу вахархочух Таибов Артурах, нохчийн бардан Муцураев Тимуран "Нохчийчоь цIергахь" илли цо зорбане хIоттийна аьлла. "Экстремистийн материалаш йаржор" лерина и кхело. Бинчу сацамехь (Кавказ.Реалии сайтан карахь бу) билгалдаккхарца, Таибовс шен "ВКонтактерчу" агIоне даьккхина хиллачу иллин тергойина полицин белхахоша. Административан протокол хIоттийна бехкзуламан гIуллакхаш толлучу Дербентера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин декъан белхахочо, майоро Керимовс. Читать дальше...
Ахматан (хиллачу Ленинан) кIоштарчу кхело барт хаьттира республикерчу кхелан экспертизин бюрон куьйгалхочуьнга Чумаков Масхьуде. Нохчийн оппозицхой болчу ЯнгулбаевгIеран Абубакаран, ИбрахIиман, БойсгIаран нана Мусаева Зарема полисхочунна тIелатар хъокъехь долийна гIуллакх дIахIоттон бух хилира цу урхаллин экспертийн сацамах. Цуьнан адвокаташа гайтира, Чумаковн тоьшаллашкахь галморзахе агIонаш хилар. Ша экспертиза харц йу аьлла дIахьедар дира цара. Официалерчу дийцарца цадогIург вукхо тIелетарах дийцича... Читать дальше...