22 шо долу Магамадов Салахь а, 20 шо долу Исаев Исмаил а нанас дена вина ши ваша ву, бакъоларйархоша бахарехь, лачкъийна дIавигина латтийна ву и ший а, тIехь гIело латтийна царна, церан гомосексуалан а, оппозицин а хьежамаш бахьанехь. ЛГБТ+ нахана гIо латточу кризисан СК SOS тобанан белхахочо Катаев ИбрахIима редакцица хиллачу къамелехь билгалдаьккхира, вежарша шайн ориентацих а, гендеран идентификаллех а лаьцна лечкъош дацара лацале хьалха а, йа лаьцначул тIаьхьа а бохуш. Социалан машанашкахь шайна хетарг дуьйцура цу шиммо... Читать дальше...
Терроран тохар кечдеш хилла аьлла, шеконаш хIиттина "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн агIончаш бу аьлла нах лецна Бельгин полицино. Царех дукхахберш нохчий бу. Дан леринчу терактан Iалашо билггал хIинца а къаьстина йац, зуламхоша масех сценарий кечйеш хилла, хаамбина Le Figaro гIирсо, Бельгин коьртачу прокуратурина тIетевжина. Лецале хьалха исс таллам бинера пачхьалкхан малхбузенан масех муниципалитетехь, операци дIайаьхьна талламан гурашкахь. Терроризмана дуьхьал лаьтта хеттарш листа векал вина Малхбузенан Фландрия провинцин суьдхо. Читать дальше...