Соьлжа-ГIалара Элихановн эвлахь цIаьххьана митинг гулъелла – 20 стага гIалин юкъа йоьду автобус юхаерзор тIедожийра, тIаккха ЖКХ-н лекха мехашна дуьхьал бистхилира. Митинган цхьаволчу декъашхочо Кавказ.Реалиига дийцира, ши шо хьалха Нохчийчоьнан коьртачу гIалана шайн эвла юкъалаьцча, цIаьххьана бистина меттигерчу бахархоша ЖКХ-н гIуллакхех бала беза мах. "2020-чу шарахь Гикало эвлана Элихановн цIе тиллина, Соьлжа-ГIалана юкъатоьхна – оцу сохьтехь лакхадаьлла газах, светах дала деза ахча. Iай... Читать дальше...
24 шо долу Нохчийчуьра яхархо Амнат (цIе хийцина ю цуьнан кхерамазалла ларъярхьама. – Редакцин билгалдаккхар) республикера едда, меттигерчу ницкъахоша шена тIе тидам бахийтича – цуьнан гомосексуалан хьежамех лаьцна хиина царна. "Медуза" гIирсане Амната дийцарехь, Нохчийчохь бедарийн бренд лелош яра иза, Соьлжа-ГIалахь туька а, Москвахь, Санкт-Петербургехь, Махачкалахь шоурумаш а йолуш. Делахь а доьзало куьйгкIелахь латтадора бизнесхочун дIасалелар – шен офисехь а ша йисса аьтто бацара цуьнан. ... Читать дальше...
Полисхочунна тIелатар дина аьлла бехке еш йолчу Мусаева Заремин гIуллакх Соьлжа-ГIалин Ленинскан кIоштан кхеле кхаьчна. Цунах лаьцна дийцина цуьнан кIанта, бакъоларъярхочо Янгулбаев Абубакара, адвокатана Добронравова Натальяна тIе а тевжаш. Полисхо сийсазвина, аьлла бехкаца цунна чохь яккха 15 дей-буьйсий тоьхна волчу кхелахочо Башуев Ахьмада толлур ду цуьнан гIуллакх, билгалдоккху Абубакара, ший а гIуллакх харц бух тIехь кхоьллина ду, боху цо. Кхел хилале ден ладегIарш билгалдаьхна дац. Дечкен... Читать дальше...