Оппозицин ютуб-блогеран Абдурахманов Тумсон вешина, Абдурахманов Мухьаммадна кIело яр вовшахтохарна бехкевечу Д.Валид цIе йолчу Нохчийчуьра вахархочунна дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх тахана Мюнхенерчу Лакхарчу латтанан кхело листа долош ду. Цунах лаьцна хаамбина Кавказ.Реалиино. ФРГ-н прокуратин хаамашца, режиман критик ве аьлла, бехкевечунна тIедиллинера 2020-чу шарахь Нохчийчуьрчу къайлахчу сервисаша. Германин дозана тIехь вехачу Абдурахмановн адрес Д.Валидна хаийтина ФРГ-н конституци... Читать дальше...
Наггахь бен ца хуьлу дийнаташ а, ораматаш а кхиош, даржош йолу "Эрзи" комплексан цхьа дакъа къоман парк ян Нохчийчоьне дIалуш, пакет кехаташна куьйгаш яздина ГIалгIайчоьнан Iедалхоша. Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца хиллачу цхьанакхетарехь цунах лаьцна дIахьедина Оьрсийчуьрчу Iаламан хазнийн а, экологин а министро Козлов Александра, яздо Кавказ.Реалиино. Министро бахарехь, 2023-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 1-ра де тIекхачале латтанаш дIадаларх президентан омра министрийн кабинете листа чукхачон дезаш дара. Читать дальше...