Оьрсийчоьнна кхерам бу Кадыров Рамзан, цунах лаьцна журналисте Дудь Юрийга дIахьедина оппозицин политико Яшин Ильяс. Карарчу хенахь Нохчийчохь йолу раж «меллаша эккхар йолу бомба ю, эххар а цхьа Кавказ эккхийтина ца Iаш, йоллу Оьрсийчоь а оьккхуьйтур йолуш» аьлла цо. Оппозиционер тешна ву, цунах жоьпалла Путин Владимирна тIехь хиларх.
Краснодар махкара Динскан кIоштан кхело бехкевина Нохчийчуьра Акаев Муса а, Ижиев Мансур а стаг лачкъорна а, йохка Iалашонца корта бахон препарташ лелорна а. Кубанан кхелийн вовшахтоьхначу пресс-гIуллакххоша хаамбарехь, 2020-чу шеран Лахьан-баттахь таIзаре хIиттийначара лачкъийнера Пластунская станицера яхарахо. Бехк буьллучийн хаамашца, Акаев а, Ижиев а гергарло таса гIоьртинера социйлехь шайна гинчу йоIаца – иза реза ца хилча, шайн машен чу хаийнера, травматикан герзаца кхерам а тесна. Кхелан материалашкахь яздарца... Читать дальше...
Москварчу митингехь Омонхойх летарна таIзар токху Нохчийчуьра вахархо Джумаев Сайд-Мухьамад волчу талламхо веанера, оппозицин политикех Навальный Алексейх лаьцна тутмакхе хеттарш дан. Цунах лаьцна яздина Джумаевн йишас къевлинчу инстаграм-аккаунтехь, адвокатца къамел хиллачул тIаьхьа, хаамбо Кавказ.Реалиино. Цо бахарехь, Джумаев дуьхьалваьлла жоьпаш дала. Кхел йинчун гергарчо "маразм" ю аьлла цунах, билгалдаьккхина, 2021-чу шеран Дечкен-баттахь Навальныйгахьа а, боллу политикан тутмакхашкахьа а йолчу митингехь иза ларамза нисвелла хилар а... Читать дальше...