1944-чу шарахь Сталина махках баьхначу Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а гIаланийн векалшна Москвахь "Толаман тарраш" делла, Советан Iедалан баьччан сурт тIехь долуш.
Нохчийчохь "Даймохк" къоман парк кхоллархьама "Эрзи" комплексан дозанаш хийцарна республика реза яц аьлла, дIахьдеина ГIалгIайчоьнан вице-премьеро Евлоев Мохьмада. Де хьалха и дозанаш хийцар гIалгIайн Iедалхошца дийцаредина ду аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца хиллачу цхьанакхетарехь чIагIдира Оьрсийчоьнан Iаламан ресурсийн а, экологин а министро Козлов Александра. Дуьйцу латтанаш Нохчийчоьнан доладехира 2018-чу шарахь шина махкана юкъара дозанаш хийцича, делахь а, уьш леррина ларъечу территорина юкъадогIуш хиларна... Читать дальше...