Германин Iедалша ца оьшу персонаш дIакхайкхийна Берлинерчу Оьрсийчоьнан векалаллин ши белхахо. И шиъ араваккхар бахьана ду нохчийн тIемалойн командир хилла Хангошвили Зелимха верца доьзна кхело бина сацам. Кхело сацам бина, и зулам дина аьлла, Оьрсийчоьнан Iедалша кост а дина. "Пачхьалкхо кост а дина, адам дер ду кIоршаме Германин бакъо а, Германин Федеративан Республикан суверенитет а йохор", - дIахьедина Германин арахьарчу гIуллакхийн министро Берлок Анналенас. Оьрсийчоьнан векал тIекхайкхинера министралле ... Читать дальше...
Берлинан Лакхарчу кхело велла дIаваллалц, хенал хьалха мукъавала йиш йоцчу хан кхайкхийна нохчийн тIеман баьчча Хангошвили верна бехкевечу Оьрсийчоьнан вахархочунна Красиков (Соколов) Вадимна, хаам бо Spiegel-о. "Оцу бехктакхаман гIуллакхо беза Iаткъам бийр бу Оьрсийчоьнан-Германин юкъаметтигашна", аьлла хета хаамийн хьостанна. 2020 шеран ГIадужу-баттахь долийра Хангошвили верах долу дов листа, къастийнера кхелехь лаккхарчу тергамца ларъеш йоллу чоьнаш. 50 гергга теш левира прокуратуро таллам дIахьочу хенахь. Читать дальше...
Беларусехь дийцарш хилла республикан муфтийн Шабанович Абу-Бекъира а, Нохчийчуьрчу динан урхаллан аппаратан куьйгалхочун Курбанов Супьянан а. "Чечня Сегодня" ресурсо яздарца, оцу цхьаьнакхетарехь Кадыров Ахьмадан цIарахчу фонде ваьлла Шабанович, Брестехь маьждиг дар хьоьхуш. "Нохчийн къоман бакъволчу кIентан, Нохчийчоьнан президентан Кадыров Ахьмадан цIарах хир ду и маьждиг", - яздо агенталло, цIарах буьйцуш боцчу Динан урхаллан векалийн дешнашца. Беларусерчу бусулбачийн официалан сайтехь информаци тIечIагIйина... Читать дальше...
Талламан дехарца Сунжехь низамаш лардон органийн ши гIишло эккхийта кечлуш хилла аьлла, лаьцна ши стаг Мержоев Мохьмад а, Мейриев Микаил а, хаам бо Кавказ.Реалиино. И шиъ талламан изоляторна чувоьллина. Мержоев а, Мейриев а лаьцна хилла Марсхьокху-беттан 31-хь, амма цуьнах лаьцна хIинцца бен ца хиъна. Хилларг дика девзачу шен хьастана тIе а тевжаш, "Интерфаксо" бинчу хаамца, ницкъаллин структурийн белхахошна хиъна и шиъ Оьрсийчохь йихкина йолчу "Исламан пачхьалкх" тобанан декъашхо хилар. Талламхойн версица... Читать дальше...
Бакъоларъяран Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира хаамбина, оьрсийн колонешкахь тутмакхашна тIехь ницкъбарх, шинарин дийнахь шен информаторан Оьрсийчуьра араяккха аьтто баьлла керла видеоархив шега кхачорах. Осечкина дийцарехь, 2016-чу шарера 2019-чу шаре кхаччалц Красноярскан а, Приморскан а кIошташкарчу а, Забайкальерчу а колонешкахь дIаязйина хилла 200 гигабайт видеош ю диска тIехь. Шен дIахьедар дина бакъоларъярхочо, Осечкина чIагIдарца, Франци доьдучу кемана тIехь информаторо архив арайоккхучу заманчохь... Читать дальше...
Ессентикехь кхело бехке лаьрра ГIалгIайчуьрчу дуьхьалонан акцешна хьалхабевлла лелла жигархой ницкъаллин структурийн белхахошна ницкъбар вовшахтохарна а, эскстремистийн юкъарло кхолларна а, ткъа иштта цунна юкъахь дакъалацарна а. Хенаш тоьхна царна 7-9 шераш набахтехь даккха. Ужахов Малсагна, Барахоев Ахмедна, Мальсагов Мусана хIоранна 9 шо тоьхна, Барахна, Хаутиев Багаудинна, Нальгиев Исмаилна хIоранна а 8 шо тоьхна, Саутиева Зарифина 7 шо 6 бутт тоьхна колонехь даккха. И хенаш тохар даьхнера бехкебечарна прокуроро а. Читать дальше...
Нохчийчуьрчу бахархойн латкъам листинчул тIаьхьа 14 600 эзар еврона тIера 66 000 эзар евре кхаччалц компенсаци царна дIаялар тIедожийна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ). ДIахьедарш динарш берриш а бу - 2016-чу шеран ГIуран-беттан 17-чохь ницкъхошна Соьлжа-ГIалахь тIемалойн тоба тIелеттачул тIаьхьа байинчийн гергарнаш. ХIетахь Нохчийчоьнан Iедалхоша хаамбира, тIелеттарг ялх вара аьлла: лаца гIертачу заманчохь вийра царех виъ, важа шиъ, цаьрца хилла йоI а цхьаьна, дарбан цIийне кхачийнера. Читать дальше...