Cанитарин дехкаршна а, бертаза вакцинаци яйтарна а духьал болийна протестан болам къепедацаршка бирзира Брюсселехь кIиран дийнахь
Приморскан кIоштарчу таIзар кхочушдаран федералан урхаллан (ФСИН) номер 27 йолчу колонехь ницкъаллин операци дIахьочу заманчохь чевнаш йина Нохчийчуьра 30 шо долу Адаханов Хьусайн кхелхина шолгIачу дийнахь. Цунах лаьцна дIахьедина ютубехь йоьдучу эфирехь Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира. Бакъонашларъярхочо дийцарехь, ГIуран-беттан 3-чохь сатосуш колони чулилхира ФСИН-н а, ФСБ-н а, Росгвардин а 250 сов белхахой. "Цара долийначу летаршкахь мел кIезиг а къизаллица чевнаш йира 16 стагана, церан могушаллина дикка зенаш а деш. Читать дальше...
ТаIзар кхайкхадале хьалха кхеле хIиттийначийн тIаьххьарчу къамелашка ладегIна Ессентукин кхело, сацам бовзуьйту де – ГIуран-беттан 15-гIа билгалдоккхуш. Тахана суьдехь тIаьххьарчу дашца вистхилира Ужахов Малсаг а, Чемурзиев Барах а, дийцина адвокато Куриев Мохьмада. РогIера кхеташо, цо бахарехь, кхело кхайкхийна кху беттан 15-чохь. Кхелан дийцарш доьлхучу хенахь прокуратуро дийхира кхеле ворхI шарера исс шаре кхаччалц колонехь яккха хенаш тоха аьлла. Адвокато доьхура, уьш бехказабахар. Хьалхо... Читать дальше...
Нохчийчохь куп тоьхначу эскарийн рогIера Iамораш дIахьочу заманчохь чевнаш йина ницкъхочунна. ГIуран-беттан 4-чохь тIеман Iаморех лаьцна леррина репортаж гайтира нохчийн телехьожийлехь. Легендица а догIуш, 20 террорхочух лаьтта тоба Нохчийчоьнан шахьара а кхаьчна, юьстах дIатесна цхьа гIишло дIалаьцнера цара. Соьлжа-ГIаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллан хьаькамо дIакхайкхийра "Крепость Грозная" аьлла операци, цул тIаьхьа Росгвардин а, чоьхьарчу гIуллакхийн кеп-кепарчу дакъойн а... Читать дальше...
Коронавирусан керлачу "омикрон" штаммах ун даьлла велла стаг вац дуьненчохь. Цунах лаьцна хаам баржийна Дуьненан могушалла Iалашъяран организацино (ВОЗ). Хьалхо ВОЗ-н эксперто Мария ван Керкховес CBS телеканална еллачу интервьюхь билгалдаьккхира, цкъачунна гучу суьртаца "омикрон" штамман ун даьллачара лазар атта токхуш хилар. Оцу юкъанна Iилманчаша а, лоьраша а дIахьедо, лардала дезаш хиларх, хIунда аьлча, юьцург керла штамм яржаран юьхь хиларна. ВОЗ-н программин директора Райан Майкла бахарехь... Читать дальше...
Дагестанан къоман политикехула а, динийн гIуллакхашкахула а йолчу министраллао 696 эзар сом лур ду, "Как я стала женой экстремиста" (Экстремистан зуда муха хилира сох) цIе а йолуш, документалан фильм яккхинчарна. Iедалша кхайкхийначу къовсамехь толам баьккхина, марзлуш долу ловзарш дIахьуш а, химица бедарш цIанйечу фирман а Пятигорскерчу компанино. Тендаран техникан билламашца а догIуш, фильман автор билгаляккха езаш ю зуда (актриса), интевью эца езаш ю "гергарнаш тIемаш доьлхучу зоне а бахна цигахь... Читать дальше...