ТIаьххьарчу 24 сахьтехь коронавирусах 26 стаг велла Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла кхин а 358 Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 26 пациент, цомгуш хилла кхин а 358. Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх велла 12 стаг, Ставропол-махкахь уьнах кхелхина – 6, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа-ХIирийчохь а, Адыгейхь а - шишша, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а - цхьацца. Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа... Читать дальше...
Russia Today телеканалан коьртачу редакторо Симоньян Маргаритас шен Телеграм-каналехь дийцина, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шега телефон а тоьхна, Тарамова Хьалиматца шен зIе ярх. "ХIинцца Кадыров Рамзана телефон туьйхира соьга. Иза а, цуьнан кхелхина да а суна вевза дуккха а шераш ду. Ас Хьалиматах лаьцна хIоттйина пост йийшира ша, цуьнга йистхила лаьий хьуна а хаьттина, зIе хилийтира сан", - аьллачу Симоньян дешнаш далийна "Чечня Сегодня" агенталло. Цо дийцарехь, йоIаца дерриг а дика ду. Читать дальше...
Нохчийн инстаграм-паблико ролик зорбане яьккхина, Ставрополерчу кхиазхочо Нохчийчоьнан куьйгалхо къинтIера воккхуш, ша иза сийсазварна, яздо "Кавказский узел" интернет-ресурсо. Социалан машанашкарчу дуккхаъчарна ца тайна, видео дIаязъечо гечдар дехначул тIаьхьа кхиазхочунна масийтазза тохар. 244 эзар стаг буха язвеллачу chp.chechenya инстаграм-паблико шоьтан дийнахь Iораяьккхина и видео. "Тахана, Мангал-беттан 16-гIа ду. Со Ставроплан кIоштахь веха Шемал ву. Дукха хан йоццуш Кадыровн эфирна бухахь цунна товш доцу дешнаш яздинера ас. Читать дальше...