Ростов гIаларчу тIеман кхело колонехь даккха бархI шо хан кхайкхийна тIеман декхарш кхочушдечу Кузьменко Татьянина пачхьалкхана ямартъяьлла аьлла. Цуьнан доьзалхочун 14 шо кхаччалц дIатеттина хан такхар. ТАСС агенталло бина цунах лаьцна хаам. Бехк тIелаьцна Кузьменкос. Леринчу къепехь толлуш дара цуьнан гIуллакх. Ахмедов Олег куратор волчу Украинерчу Херсонан тIеман иччархойн декъехь хилла ю Оьрсийчоьнан тӀемагӀуллахко Кузьменко. 2017-2018-чу а шерашкахь украинхошка дIакхачош хилла цо пачхьалкхан... Читать дальше...
2019-чу шеран Зазадокху-баттахь митинг йирзинчул тIаьхьа ГIалгIайчуьрчу полицин ППС-н 12 белхахочунна дуьхьал долийна хилла бехктакхаман гIуллакх листина дели. Уьш бехкебо шайна тIедиллина омра кхочуш ца дарна: протесте бевлла нах дIасалоьхкучу Росгвардина новкъарло йина цара. Кавказ.Реалиига адвокато Цороев Виситас дийцарехь, карарчу хенахь материалаш йовзуьйтуш ю, цул тIаьхьа бехк тIечIагIбайта прокуратуре кхачор долуш ду гIуллакх. "2019-чу шарахь дуьйна оцу гIуллакхна со тIаьхьаваьлла лелаш ву... Читать дальше...
ТIьаххьарчу дийнахь-буса коронавирус карийначу нахах Къилбаседа Кавказехь велла 23 пациент, уьнах цомгуш хилла кхин а 314 стаг. Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 12 велла, Ставропол-махкахь - пхиъ, Кхарачой-Чергазийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а шишша, ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а цхьацца велла. Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велларг верриг а ву 10 636 стаг. Къаьсттина дукха бу тIаьххьарчу 24 сахьтехь ун даьлларш Краснодаран кIоштахь, лахара терахь ду Адыгейхь. Читать дальше...
29 миллион сом цуьнгара схьадаккха Iалашонца кхелан пурстоьпаша лоьху оппозиционеран Навальный Алексейн бахам а, ахча а. Оццул мах хадийна политико хаамийн гIирсаша "Путинна кхача кечбийриг" лоручу бизнесхочунна Пригожин Евгенийна дала дезачу ахчанан. Шех лаьцна харц информаци яржорна цунна дуьхьал иск яьккхинера совдегаро. "Интерфаксо" яздина цунах лаьцна кхелан пурстоьпийн Федералан урхаллан (ФССП) директоран Аристов Дмитрийн хаамна тIетевжина. Цо дIахьедина, политик колонехь воллушехь цуьнан хьокъехь гIуллакх дIахьош ду хIинца а аьлла. Читать дальше...