Красно Андрей Оьрсийчоьнан низам Iалашдечу урхаллаша а, кхелаша а дукха хьолехь экстремизмаллина бехкебо ларамза къастийна бахархой. Туапсе гIалахь экстремистийн васт нахана гайтарна гIуда тоьхна вахархочунна - бархI са болу седа а биллина, оцу чу нардаш юхку ша, аьлла, реклама яржорна. Набахтерчу тутмакхийн васт ду боху иза. Къилбаседа ХIирийчохь айдина бехктакхаман дов ковид-диссидентна дуьхьал, ерриг а Оьрсийчохь репрессеш ю еш Иеговн Тешашна, церан дин «экстремизмалле» а лоруш. Экстремизм лору бехкаш дуккха а IаьIна бехктакхаман а... Читать дальше...
Азербайджанерчу Кельбаджаран кIоштахь минаш тIехь лилхина, белла шайн белхан декхарш кхочушден журналисташ. АПА-с яздарца, и хаам бина ЗАО "Азербайджанан телехьожийлан а, радион а" пресс-секретаро Этибар Нигяра. AzTV каналан оператор Абышов С1982 ш) велла. Иштта белла AzTV -н режисссер Мамедов Эмиль а, автобусан урхалла дириг а, меттигера вахархо а. Хиллачу бохамехь яьккхина видео Iораяьккхина AzTV канало. Стохка Лахьан-беттан 25-чохь дуьйна Азербайданан контролехь яра Кельбаджаран кIошт, Ломанан... Читать дальше...
Дагестанерчу Новолакскан кIоштарчу Бонай-юртахь юккъерчу маьждигна Нохчийчоьнан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан цIе тиллина. "Грозный-информ" агенталло бина цунах лаьцна хаам. 1980-чу шерашкахь дина маьждиг юха тодира цунна цIе туьллуш церемони дIаяхьале хьалха. Цул совнах, тIейогIучу заманчохь и гIишло тоеш кхин а цхьа могIа белхаш бан дагахь бу. 300 стагана лерина ду маьждиг. Агенталло чIагIдарехь, маьждигна Кадыров Ахьмадан цIе тиллар - меттигерчу бахархоша шаьш тIеэцна сацам бу. 1 400 гергга стаг ву оцу эвлахь вехаш... Читать дальше...
Оьрсийчохь экстремистийн я террорхойн леринчу организацешца боьзначарна харжамашкахь дакъалаца доьхкучу низамна куьйгъяздина президенто Путин Влдаимира. Бакъонан информацина порталан сайтехь зорбане даьккхина документ. Билгалъяьхначу организацийн куьйгалхойн пхеа шарахь бакъо хир яц массо а тIегIанашкарчу харжамашкахь дакъалаца, ткъа церан белхахойн - организаци дIасайоккхуш, я цунна болх бан доьхкуш кхело сацам арахецначул тIаьхьа кхо шо даллалц. Цул совнах, могуьйтур дац харжамашкахь дакъалаца... Читать дальше...
ХIокху баттахь Европехь визит дIахьуш президент Джо Байден цхьаьнакхета дагахь ву Туркойчоьнан президентца Эрдоган Реджепаца. Цунах лаьцна хаам бо "Американ аз" портало, КIайн ЦIенна тIе а тевжаш. Мангал-беттан 14-хь хир долу цхьаьнакхетар дIахьура ду Брюсселехь НАТО-н саммит дIайоьдучу хенахь, шина лидерна юкъахь жима-тIама гIоьртина юкъаметтигаш а йолуш. Эрдоган дагахь вара къамел дан, Байден Американ президентан дарже дIахIоьттинчул тIаьхьа дукха хан ялале. ТIаьхьо туркойн лидер догдаьлла вара... Читать дальше...
ТIьаххьарчу дийнахь-буса коронавирус карийначу нахах Къилбаседа Кавказехь велла 25 пациент, уьнах цомгуш хилла кхин а 310 стаг. Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 11 велла, Ставропол-махкахь - ялх, Кхарачой-Чергазийчохь а,ГIебарта-Балкхаройчохь а, Адыгейхь а - шишша велла, ГIалмакхойчохь а, Нохчийчохь а - цхьацца. Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велларг верриг а ву 10 613 стаг. Краснодар-мохк + 96 (48 813 ерриг хенахь) Ставропол-мохк + 70 (55 048) Дагестан... Читать дальше...
"Проект" ресурсо Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан шолгIа хIусамнана ю аьллачу Хазуева Фатимин цIе хийцина Росреестро "Оьрсийчоьнан Федераци" аьлла. "Проекто" бина цуьнан тидам, яздо "Медиазона" гIирсо. Охан-баттахь журналисташа бинчу талламца, Кадыровн шолгIачу зудчун Хазуева Фатимин долахь яра Соьлжа-ГIалара бассейнца цхьана йолу шахьар. Ткъа хIинца, Росреестран кехаташца, оцу шахьаран долахо Хазуева яц, "Оьрсийчоьнан Федераци"ю. Грозненскан кIоштарчу Кишинев олучу меттигехь лаьтташ ду... Читать дальше...
"Легион Динамо" футболан клубо контракт кховдийна экс-спортхочуьнга Нурмагомедов Хьабибе. Инстаграмерчу шен аккаунтехь бина цунах лаьцна хаам клубан президенто Лахиялов Шемала. Постехь зорбане яьккхина контрактан текст, мах а, ийначу кепехь латархочун куьйгъяздар а доцуш. "Хан а, шена оьшу хьелаш а Хьабиба ша чуяздийр ду, тIаккха барт хир бу тхан. Суна герехь, дикачу кепехь ву иза, цуьнан боккха лаам а бу, амал а ю. Профессионалан футболехь цо кхиамаш бохур бу аьлла хета суна. ХIокху сезонехь кхуьур вац иза... Читать дальше...