"Керлачу газетехь" ("Новая газета") болх бина журналист Политковская Анна ейтинарш леха низамо къасточу хенах цхьа киртиг бен ца йисина талламчашна. Нийсса шо даьлча, 2021-чу шеран Гезгамашин-беттан 7-чу дийнахь кхачало иза ейтинчарна дан тарло таIзар – стаг вийнарг бехктакхамах мукъа вуьсу цо зулам дина 15 шо даьлча. Цуьнца доьзна "Новая газето" шен агIонехь дагардан долийна журналист ейтинчарна жоьпаллах хьалхабовла дуьсу сахьташ. Политковская Анна йийра Москвахь, шен цIийнан учахь нийсса 13 шо хьалха. Читать дальше...
Хангошвили верах долу дов листа долош ю Берлинера кхел; "Карабахе тIом бан бахана нохчий" гойту видео ГIирмехь яьккхина ю; 14 шо долчу Эскиев Денис даьккхинчу орцано цIарах Iалашвина итт стаг Германерчу Оэслницехь
Сулейманов Юсуп Тийналлехь ойланаш Къийсамо ластаво атта Халонийн мохь ца ловш кхиънарг. КIентий зуьйш хьийзаш ду латта, Стаг вац и хаздан ца лиънарг. *** Дозалдеш, хьешашна шен палс ша хесточо Нехан чохь мачашца куз хьоьшу, боху. Хьакъ доцчохь и шен мотткомаьрша лебечо, Стагана оьшучохь, цхьа дош ца олу. *** Сий дIаделла, са лардинехь, Велла ма ву хьо. Орам хаьдда, гIад дисинехь, Дитт а дакъало. *** Хьоьгахьа оьгIазло латтош Ехачу хьуьнхарчу барзал Кхераме ю хьуна, накъост, Кертара юьхь шалха пхьагал. Читать дальше...
Тахана, ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь, Германин коьртачу шахьарахь, Берлин-лаьттан Лакхарчу кхелехь хатта долош ду Нохчийчоь Ичкерин эскарехь декъан баьчча лаьттина Хангошвили верах долу дов. Бекевийриг ву Оьрсийчуьра вахархо, цо зулам дина лору талламо ц1ерачу урхаллийн лаамца. Германии Федеральная прокуратуро Оьрсийчоьнан куьйгаллина т1едиллина Хангошвили верах долу жоьпалла. Стохка Марсхьокху-беттан 23-чохь Берлинна юккъехь герз тоьхна вийра Хангошвили. Полисхоша лецира зулам дина хила тарлуш йолчу шеконашца Оьрсийчоьнан вахархо. Читать дальше...
Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а зудий-майрий къаьстачу хенахь, дукха хьолахь, бераш деца дуьссу. Ненан бакъонаш хьешар, Доьзалан кодексна а, кхелан сацамна а дуьхьал бовлар нисло кест-кеста. Этнографаша дузу и шарIаца а, ламасташца а, ткъа бакъонашларъярхоша- кхелан система кхачамалле цахилар ду боху. Стохка аьхка дуьйна шен диъ бер схьадерзо гIерта Зейда (цIе хийцина. – Ред.билгалдаккхар). Иза тешна ю, шен цIийндас, ша кхиош ду бераш аьлла, кехаташ а кечдина, кхелхинчарна хIоттош долу ахча а, тIеман заманахь хIусамаш йоьхна аьлла... Читать дальше...
Германерчу Оэслниц гIаларчу цхьана урамехь цIийнах яьллачу цIарх богучуьра 6 доьзал кIъелхьарабаьккхина 14 шо долчу нохчийн кIанта Эскиев Денис, яздо BILD газето. Шен деца-ненаца машенахь воьдуш, цхьана цIийнан тхевнах цIеяьлла гина жимчу стаганна. Цо чехкка сацаяйтина машен, ткъа ша сихонца телефон тоьхна цIе йойъучу хьукмате. Цул тIаьхьа шайн машенара ара а иккхина, Дени вахана тхов богучу цIа чу, цигахь массо а петарийн неIарш етташ, хаийтина нахана шаьш хьем ца беш арабовла безийла, бохамна кIел буйла. Читать дальше...
Социалан машанашкахула "Ломан Карабахе тIом бан бахана нохчий гойту" видео яьржина деношкахь. Амма иза фейк хилар гучудаьккхина Кавказ.Реалиин редакцино. Видео аннекси йинчу ГIирмехь яьккхина ю, ах-гIайрин къилбехьарчу Морское юьртана уллехь. Тоьшалла ден битамаш бу видео чохь гуш долу доьхна тIай, ткъа и тIай лаьтта йина яланза йолчу Мирное юьртанна гергарчу садоIучу базина уллехь. Видео маца яьккхина, муьлш бу цу чохь болу эскархой, хьенан ю йохийна лаьтта техника, билггал хууш дац. Гарехь, кху беттанашкахь яьккхина иза. Читать дальше...
Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоь декхарейина 34 эзар евро гергга ахчанца (3 миллион сом сов) компенсаци ян 2014-чу шарахь милицино гIело йинчу Нохчийчуьрчу вахархочунна. Кхело бакъдо Iазап доьхкучу Европан конвенцин низам Владовский Михаилна гIелоярца дохийна хилар а, Оьрсийчоьно таллам бина цахилар а. 2003-чу шеран бIаьста духарца къаьсташ боцчу наха цIера дIавигина Соьлжа-ГIалин вахархо Владовский. Масех де даьлча цуьнан нанна хиина иза милицин карахь вуйла. Шена еттар, тоькаца хьийзор лан а ца лайна... Читать дальше...