Мы в Telegram
Добавить новость

Депутат Мособлдумы Владимир Барсуков провел прием жителей в Луховицах

Первый птенец появился у соколов-сапсанов с высотки МГУ

112: на Сокольнической линии произошел хлопок, началось задымление

Врач Гусарова призвала не накрывать детские коляски накидками в жару



World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Бераш дехошна кхачадо. Къилбаседа Кавказехь наной шайн доьзал схьаберзон хьийза

Бераш дехошна кхачадо. Къилбаседа Кавказехь наной шайн доьзал схьаберзон хьийза

Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а зудий-майрий къаьстачу хенахь, дукха хьолахь, бераш деца дуьссу. Ненан бакъонаш хьешар, Доьзалан кодексна а, кхелан сацамна а дуьхьал бовлар нисло кест-кеста. Этнографаша дузу и шарIаца а, ламасташца а, ткъа бакъонашларъярхоша- кхелан система кхачамалле цахилар ду боху.

Стохка аьхка дуьйна шен диъ бер схьадерзо гIерта Зейда (цIе хийцина. – Ред.билгалдаккхар). Иза тешна ю, шен цIийндас, ша кхиош ду бераш аьлла, кехаташ а кечдина, кхелхинчарна хIоттош долу ахча а, тIеман заманахь хIусамаш йоьхна аьлла, кхачош йолу компенсаци а эцна хиларх. Ткъа яц тептарехь Зейдин цIе, цунна а, цуьнан берашна а кIад ца кхаьчна цунах.

"Оцу юкъанна масех шо а дара со хIусамдех дIа а къаьстина, берашца юьстах яьлла еха. Даим иза сайх летарна яда йийзира со. Динехь йита ца йитира цо со, берашца деш гIо а дацара, юкъ-кара бен я уьш гуш а дацара цунна. Ша мацвелча а, ахча хьашт хилча а вогIура иза тхо долчу. Берашна напха латториг со яра", - дуьйцу цо.

Пачхьалкхан ахчанашца цо хьарамлонаш лелийна хиларх стохка аьхка прокуратуре дIахьедира Зейдас. Цул тIаьхьа, бераш лачкъийна дIадигинера дас, кхо мах а луш, Соьлж-ГIалахь лаьцначу петарера.

"Бераш деша цо дIаделлачу школан директоро со чу ма йита аьлла, омра дина хиллера. Церан документаш схьаэца гIоьртира со, амма ша берийн дега бен лур дац элира соьга. ТIаккха къайлах дIадигира ас сайн бераш. Тхан таксина тIаьхьа шен машен хихкира сан хIусамдас, амма тхо ларийра къайладовла", - дуьйцу деа беран нанас.

ГIалин администрацига а, социалан хьукмате а дIахьедира Зейдин цIийндас, иза ледара нана а яра, шен ненан декхарш я кхочуш ца дора цо аьлла. Цул тIаьхьа кхо лаьцначу петаран хIусамдас кхин дIа чохь хан яккха пурба ца делира цунна. Карарчу хенахь шен берашца кхечу кIоштахь лечкъина хан йоккхуш ю Зейда.

"Бераш суна тIе дахка а кхоьрура"

Юха а школаш карантинна дIакъовларна кхоьру Соьлж-ГIалара Сосуркаева Лиана. Школехь урокаш чекхъевллачул тIаьхьа бен шен бераш ган аьтто бац цуьнан. Дехошца цхьана дехаш ду цуьнан ши бер, ткъа цара бакъо ца ло Лианина шайн керта ян. Шайна хуьлучу сена дуьхьал дIадигина бохуш, чIагIдо цо, марвашас шен бераш.

Нохчийчоьнан парламентан депутатан Ахмадов Сайд-Iабдуллин вешин бераш ду бархI шо долу Ясмина а, ворхI шо кхаьчна Рахьман а. Иштта, хьалха набахтехь хан текхна шен хилла шолгIа марваша Ахмадов Сайд-Салахь а ву боху Лианас дуьхьал, бераш шега схьадала.

Шегара бераш схьадохуш бинчу сацамна латкъамбинера Сосуркаевас Зазадокху-бутт бовш Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхеле, амма жоп доцуш дитира кхуьнан арз. ШолгIа а психологин экспертиза ян еза аьлла, яра кхелахойн вердикт.

Шен кIантана а, йоIана етта дехоша, чомахь ша ган а ца бохкуьйту уьш бохуш, чIагIдо Сосуркаевас. Ара-чу ца баккхалучу бахамца шен марвашас хьарамлонаш лелорах кхо масийттазза аьрзнаш динчул тIаьхьа, дIадехира ненера бераш.

"Кхело дукха яхйина процесс. Ненан бакъонашца дозанаш ца тоьхна суна, Доьзалан кодексо а со бакъ йо, ас ши бер сайга схьало боху. Марвешин хIусамехь царна ницкъ бо. Ах шо даьллера суна ши бер ганза, цул тIаьхьа суна улло дан ца даьхьара и шиъ. Бахьанаш хаа хьаьжира со. ДIа ладоьгIча, царна кхерамаш тийсина хиллера, нагахь санна, шу цунна тIе долхахь, иза набахте чуюллур ю бохуш", - дуьйцу Лианас.

Iадат vs низам

Нохчийчохь а, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а кхелаша а, пурстоьпаша а оцу кепарчу гIуллакхашкахь, да-нана къаьстича бераш деца хила деза бохучу ламастаца дузу. Амма Оьрсийчоьнан низамо бохург духе ца оьцу аьлла ду "Правовая инициатива" проекто бинчу талламехь яздина.

ГIалгIайчуьрчу кхелийн хьалхарчу а, шолгIачу а инстанцешкахь тьллашехь, Мержоева Фаризин аьтто ца белира шен бераш хиллачу цIийндегара схьадаха. Фаризас дийцарехь, шайн дедена а, денанна а дуьхьал дистхила ца даьхьара кхуьнан бераш, ткъа кхелан пурстоьпаша гIо ца дира бераш цигара схьадалош. Сан хиллачу марзхоша кертара арабаьхнера уьш.

"Эххар а IадIийра со. Соьца йоI ю, дена ца лиира иза дIайига, сайн йоьIан дуьхьа ехар ю со, сан кIентий баккхий хилча суна тIе богIур бу-кх бохуш, дегайовхонца", - боху Фаризас.

Дас я наанс бер лачкъийна дIадигарна дуьхьал эвсара бакъонан механизмаш янне а яц Оьрсийчоьнан низмашкахь лелош бохуш, дуьйцу "Правовая инициатива" проектан юристо Саввина Татьянас.

"Бехктакхаман гIуллакх ца доьллу, шен бер лачкъийна дигинчунна дуьхьал, 5 эзар соьме гергга административан гIуда тохар доцург деш хIума дац. Тарло чохь пхи дей-буьйсий дакхийта а. Шайн балха тIехь кхачамбацарш дитинчу пурстоьпашна деш таIзар а дац. Хьоьца хила деза хьан бер аьлла, кхело бина сацам шерашкахь кхочуш ца беш буьссу", - билгалдоккху Саввина.

Ткъа Къилбаседа Кавказехь гIуллакх кIаргло дискриминацин ламаст цигахь лелаш хиларна. Цуьнца а догIуш, бераш ден хуьлуш ду, тIетуху юристо.

"Цундела шайн декхарш кхочуш ца до пурстоьпаша, я тIеххула хьийза. Цхьана агIор, меттигерчу Iадаташца лела уьш, вукху агIор - формалехь бахьанаш леладо, амма эвсаралла ца хуьлу. ХIунда аьлча, цаьргара жоьпалла доьхур ма дац цхьаммо а", - боху бакъоларъярхочо.

ШарIе ладоьгIча, бераш дехойн лоруш ду, боху дуьненаюкъарчу юкъаметтигийн Кавказан проблемийн а, регионан кхерамзаллан а Центран Iилманчас, этнографа Ярлыкапов Ахьмада.

"Зуда, марехь елахь а, ша схьаяьллачу цIийнан лоруш ю иза. Цундела, нус марзхошна хьалха хийра юьссуш ю. Цунах жоп лург а цуьнан тайпа ду. Исламан динехь, да-нана къаьстича, бераш нехан цIийнахь дуьтийла яц. Нагахь санна, берийн да дийна вацахь а, уьш дисса деза дехошца. Девежарий, дедай – оцу берийн дола дан векалш уьш бу", - дуьйцу этнографо.

Бераш кхиъалц ненаца дита тарло, амма мича хене кхаччалцц бохург, кеп-кепара туьду кеп-кепарчу бусулбанаша. Делахь а, боху Ярлыкаповс, ламасташа новкъарло ян ца еза кхелийн а, пурстоьпийн а белхашна.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Вильфанд объявил о начале купального сезона в Москве

Авария с участием двух автомобилей произошла на 24-м километре Калужского шоссе

В Москве люди выстраиваются в очередь на прощание с Анастасией Заворотнюк

Депутат Селиверстов вместе с волонтерами провел забег «Бежим ЗА» в районе Братеево

Музыкальные новости

Почта России помогла детям-подопечным благотворительных фондов встретиться с футболистами ЦСКА

НА ДЕТСКОМ ФЕСТИВАЛЕ ИСКУССТВ «НЕБО» СОСТОИТСЯ 5 ПРЕМЬЕР И ПОКАЖУТ НОВИНКИ ОТ ВЕДУЩИХ МОСКОВСКИХ ТЕАТРОВ

«Заставлял Костомарова мыть свою машину, чтоб потом он на ней покатался по парковке!» Илья Авербух рассказал о дружбе с Романом Костомаровым в шоу «Вкусно с Анфисой Чеховой» на ТВ-3

Спортсмены Улан-Удэнского ЛВРЗ стали победителями региональной спартакиады

Новости России

Знаменательное для Читы событие в сфере авиации произошло 88 лет назад

Стало известно, как выглядит тайный зять Анастасии Заворотнюк

О, море! В Якутск приехал Айвазовский

Психолог дала советы, чем занять ребёнка на каникулах

Экология в России и мире

Eleganzza весна-лето 2024

Представители KAMA TYRES приняли участие в 57-й легкоатлетической эстафете

Я думала, мы умрем: американка переехала в Великобританию и столкнулась с левосторонним движением, праворульными машинами и механической коробкой передач

В РУМЦ МГППУ действует правовой просветительский лекторий для студентов с инвалидностью и сотрудников вузов-партнеров

Спорт в России и мире

Пресс-служба WTA мемом отреагировала на тяжёлую победу Свёнтек над Осакой

Матч Котова и Вавринки перенесли на корт Сюзанн Ленглен

Надаль пропустит Уимблдон из-за желания сыграть на Олимпиаде

Не ходите, дети, в теннис: как Андре Агасси и Штеффи Граф подарили детям право выбора

Moscow.media

В Петербурге суд оправдал владельца транспортных средств, который давал взятки сотруднику ГИБДД

Eurasianet: Азербайджан публично и цинично уничтожает армянское культурное и историческое наследие в Нагорном Карабахе

Военные следователи продолжают оказывать гуманитарную помощь военнослужащим, находящимся в полевых госпиталях

Выгодно ли покупать квартиру в новостройке?











Топ новостей на этот час

Rss.plus






Подмосковный НИКИ детства провел онлайн-марафон «Бегом за здоровьем» 1 июня

Директор астраханской библиотеки вошла в число лучших библиотекарей России

Празднование юбилея высадки союзников в Нормандии станет «днем Зеленского»

Депутат Селиверстов вместе с волонтерами провел забег «Бежим ЗА» в районе Братеево