Оперативан штабо Iорадаьхначу терахьашца Къилбаседа Кавказехь кхин а 271 стагна йинчу тесташа гучуяьккхина коронавирус. Краснодаран кIоштахь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а уггар а дукха бу инфекцица берш, кхечу регионашкахь 48, 44, 41 ву. КIезиг бу Дагестанехь - 35, Къилба ХIирийчохь а, Ставрополан кIоштахь а, ГIебарта-Балкхаройчлхь а 26, 23, 22 стаг къаьстина яхначу буса. Кхарачойн Чергазийчохь - 17. Адыгейхь а, ГIалмакхойчохь а ворхI-ворхI ву. Верриг а Къибаседа Кавказехь коронавирусан ун даьлла ву... Читать дальше...
Оьрсийчохь яхначу буса кхин 6060 коронавирусан инфекцица нах билгалбаьхна аьлла бу оперативан штабан хаам. РогIера рекорде терахь ду и. Маса кхуьуш ду ун даьллачийн могIарш. Де хьалха 4656 ву аьлла, дара зераш. Яхначу буса 48 стаг велла Оьрсийчохь. Официалан хаамашца, верриг а велларг ву эпидеми яьржичхьана 361. Оперативан штабан статистикаца, Оьрсийчоьхь инфекцица ву 42853 вахархо. Дуьненчохь а 10-гIа меттиг дIалоцу Оьрсийчоьно. Товелла 329. Цхьана Москвахь ун даьлла ву керла 3570 пациент. Читать дальше...
Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканалан эфирехь гечдар дехна Гуьмса кIоштан вахархочо, шен вешин зудчо йоIана дарбадан социалан машанашкахула ахча гулдарна. Карарчу-беттан 17-чохь телевизионан суьйренан хаамашкахь дийцина, масех дийнахь зудчунна 190 эзар сом тесна хиларх шен йоьIана пехаш хицийта. Дийцарехь, йоIана операци ян оьшуш ца хилла бохуш, чIагIдо сюжетехь могушаллин министро Сулейманов Эльхана. Каналан белхахоша а чIагIдо, оцу зудчунна Кадыровн цIарахчу Фондо 30 эзар сом а деллера, шен-шен... Читать дальше...
Франицн Монтерей-Фот-Йон гIалин мэро совгIаташ дина, кху деношкахь цIе яьллачу петарчуьра нах кIелхьарбаьхначу нохчийн шина кIантана. Маршо Радионо яздира, Монтерей-Фот-Йон гIаларчу масийттазза тIекIелдинчу цIа чуьрчу цхьана петарехь кхааридийнахь цIе яларх а, Нохчийчуьра веанчу шина мухIажиро цу чуьра нах арабохуш гIо дарх а. И шиъ хиллера, «Кавказ.Реалиин" информацица, 33 шо долу Домбаев Джамбулат а, 40 шо долу Улубаев Махьди а. Улубаевс портале дийцарехь, суьйранна догуш хиллачу цIенна гена воццуш урамехула волалуш хиллера иза а... Читать дальше...
Желтойн махкарчу мухIажирийн куьпара цхьана воккханиг а воцуш 47 бер деана Германи шоьтадийнахь Афганистанера а, Шемара а, Эритрейра а. Хьалхо Германи сехьабевлла дай-наной хиллера царех цхьаболчаьрга хьоьжуш Iаш. Германин Iедалан официалан векалша хаамбарца, желтойн Лесбос, Самос, Киос гIайреш тIерчу мухIажирийн каппашкахь дIатарделла хиллера даьхкина бераш. Бакъонашларъярхоша масийттазза дIахьедира, берашна цхьана а кепара хьелаш дац оцу гIайреш тIехь бохуш. Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министро журналисташка дийцина... Читать дальше...
Шоьтан суьйранна бинчу хаамашца, лоьраша зуьйш ю Нохчийчьучу 1680 вахархочун могушалла. Эпидемиологин хьал телхинчу мехкашкара цIабирзина нах бу уьш. "COVID-19 инфекци къаьстина Нохчийчохь 219 стагца. "Махкарчу дарбан хIусамашкахь дарба дещ ду царна. Царех товелла 23 пациент, велла 5", - аьлла, хаамбина республикан могушалла Iалашъяран министро Сулеймнов Эльхана. Арах ца лелаш, чохь совцар дехна министро бахархошка, эпидеми ца яржийта. Механ Iедалхоша мукъаденошкахь дIасалелар дихкина меттигерчу бахархошна.