Добавить новость


World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Сентябрь
2018

Новости за 08.09.2018

Radiomarsho.com 

Идлибе бомбанаш йиттина маьрша нах байина Оьрсийчоьнан а, Шеман а кеманаша

Оьрсийчоьнан а, Шеман а тIеман кеманаша бомбанаш йиттина Идлиб провинце. Болчу хаамца, и тохарш дар бахьана долуш вийна лаххара а 4 маьрша вахархо, царах 2 бер ду. Цунах лаьцна, меттигерчу мониторинган тобанаша дуьйцучунна тIе а тевжина, хаам бина Малхбузерчу хаамийн агенталлаша. Цара дийцарехь, иза уггаре онда тохар дара Шемахь тIаьхьарчу баттахь динчерах. Бомбанаш йиттина Оьрсийчоьнан а, Шеман а тIеман кеманаша Идлибера хьал дийцаре деш Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а, ГIажарийчоьнан а президенташана дакъа а лоцуш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Каримов: Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанца доьзна къийсарш дац

Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь доза бахьана долуш цхьа а къийсарш дац аьлла, дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан зорбанан секретаро Каримов Iаьльвис. Цунах лаьцна хаам бо "Эхо Москвы" радион сайто. Каримовс дийцарехь,"контртерроран операцин раж лаьттина зона юхаметторан могIарера болх бу беш" Кадыровс кхоьллинчу комиссино беш берг. Хьалхо хаам бина ма хиллара, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана указ тIеэцна, республикан административан дозанаш билгалдохуш кхолладелла хаттарш кхочуш дан комисси кхоллар хьокъехь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Болх боцучу нахана ахчанца гIо даран хан яцйийр ю Оьрсийчохь

Оьрсийчохь яцйийр ю бан болх боцуш бисинчу нахана ахчанца гIо дан билгалъяьккхина хан. Кестта пособи ло хан хир ю Оьрсийчохь 6 бутт. Вуьшта аьлча 6 баттахь ахчанца гIо дийр Iедало цхьана шеранчохь (12 баттахь).  Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло, Оьрсийчоьнан президенто пенсех лаьцначу низамна тIехь бан оьшу аьлла кечбинчу хийцамашна комментари йинчу вице-премьеран Голикова Татьянин секретариатана тIе а тевжаш. ХIинццалц балхахь воцучу стеган сатуьйсийла яра 24 баттахь пособи оьцур ду ша аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь 7 шо долу кIант кхалхар толлур ду прокуратуро

Бохам хилла Веданан кIоштарчу Верхотехь. Болчу хаамца, 7 шо долу кIант ларамаза бердах вахана, шен накъосташца ловза ваханчохь. Чевнаш хилла иза дIакхачийнера Соьлж-ГIаларчу клинике. Амма лоьраш гIорасиз хилира иза кIелхьарваккха. Кхин метта ца вогIуш кIант велла кхоалгIачу дийнахь. Республикан прокуроро декхаре барца, талламхоша къастор ду хилларг.

Radiomarsho.com 

Узбекистанера мигранташ арабаьхна Нохчийчуьра

Бакъо а йоцуш, Нохчийчохь бехаш хилла Узбекистанера мигранташ арабаьхна Нохчийчуьра, хаам бо "Чечня сегодня" сайто. Республикера араваьккхинарг билггал маса стаг ву дуьйцуш дац. Суьдо сацам бина цара мигрантийн низам дохийна аьлла, хIора мигрантана 200 туьма барамехь гIуда а тухуш. Болчу хаамца, Нохчийчуьрчу пурстопаша дIабигина низам дохийнарш Москох Внуково аэропорте. Цигара уьш кеманца дIахьовсийна шайн даймахка.

Radiomarsho.com 

Идлибехь тIом марсабала мегаш хиларна саготта ю дуьненаюкъаралла

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло ша саготта хилар хаийтина Шемарчу Iедалан а, Оьрсийчоьнан а ницкъаша гергарчу хенахь Идлиб провинцехь шуьйра тIеман операци йоло мегаш хилар бахьана долуш, хаам бо "Iамеркан аз" портало. Туркойчоьно гIортор ечу гIаттамхошца тIом марсабаккхаро гуманитаран бохам бан мега аьлла хета дуьненаюкъараллана. ПIераскан дийнахь ТIехIранехь хиллачу саммитехь туркойн президенто ЭрдохIан Реджепа, гарз деттар саца а дина, маслаIат дар некъ кховдийна Асад Башаран режиман... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан дозанаш билгалдахар тIедожийна Кадыровс

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана указ тIеэцна, республикан административан дозанаш билгалдохуш кхолладелла хаттарш кхочуш дан комисси кхоллар хьокъехь. Цунах лаьцна документ арахецна Нохчийн Республикан куьйгалхочуьнан администрацин а, Iедалан а сайта тIехь, хаам бо "Грозный-информ" агенталло. Комиссино гулдийр ду доза билгалдоккхуш дIахьочу балхана оьшу документаш а, материалаш а. Царна анализ ян декхарелахь а бу комиссин декъашхой. Доза билгалдоккхур долуш ду, Оьрсийчоьнан Федерацин низамашца  а догIуш. Читать дальше...


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus