Добавить новость
World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Сентябрь
2018

Новости за 07.09.2018

Radiomarsho.com 

Шемара Идлиб хьокъехь саммит хилла ТехIранехь

Шемарчу Идлиб провинцера хьал дIанисдар хьокъехь саммит хилла ТехIранехь. Цигахь дакъалоцуш бара Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а, ГIажарийчоьнан а президенташ. Цу кхаа пачхьалкхо барт бина Шемахь тIеман операци дIахьочу заманна аьлла, амма Туркойчоь шайн махка мухIажираш хьовдаш хиларх кхоьруш ю, нагахь Идлибехь тIом марсабалахь. Туркойн сингаттам коьртачех цхьа хаттар дара ТехIранерчу саммитан. Идлиб тIаьххьара меттиг ю Шемарчу оппозицин тобанаша шайн карахь латтош йолу. Президентан Асад Башаран эскарш тIемашца чудоьлхуш ду цига... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Сом дайдаларан бахьанаш дийцина министро Силуановс

Оьрсийчоьнан сом дайлуш хиларан бахьанаш дийцина министро Силуанов Антона. Цунна хетарехь, Оьрсийчоьнан ахча дайдаларан бахьана ду санкцийн шолгIачу муьро Iаткъам бан мегаш хиларе хьежар а,  кхууьш экономика йолчу пачхьалкхийн, шайна юкъахь Туркойчоь а, Къилба Африкан Республика а, Аргентина а йолуш, рынкашкахь лаьтта хьал цхьана эшшара ца хилар а. Силуановс билгалдаккхарехь, Iедалш Iалашо йолуш дац сом деза я дораха хилийта. Къоман валютан курсаца доьзна хьал прогноз ялуш хила деза, боху цо. ... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчочунна экстрадици ярна дуьхьал мацалла кхайкхийна "Вайфондан" куьйгалхочо

Мацал хьейинарг ву Швецехь куп тоьхначу "Вайфонд" цIе йолчу гIо-накъосталлан юкъараллан куьйгалхо Садулаев Мансур. Цу кепара цо ша а, шен накъостий а дуьхьал хилар гайтина Боснин Iедалша нохчочунна Алтамиров Ахьмадна Оьрсийчу экстрадици ян бинчу сацамна.   ГIалгIайчохь ваьхна 24 шо долу Алтамиров Оьрсийчоьне дIавала сацамбина Боснин, Герцеговинан юстицин министралло. Иза бехке веш ву Шемарчу даIишхойн могIаршкахь латтарна. Цунах лаьцна дийцина "Кавказ.Реалии" портале Европан кхелехь Алтамировн адвокат волчу Оболенец Алексейс. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дагестанехь яйна 6 шо долу йоI

ШолгIа де ду Дагестанехь 6 шо долу йоI лоьху. Иза яйна Гезгмашин-беттан 6-чохь Кизилюьртан кIоштарчу Чонтаулехь. Республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалло бинчу хаамца, еарийн дийнахь йоI, школера цIа а еана, ловза аряьлла хилла. Цул тIаьхьа иза гина стаг вац. ЙоI лоьхуш арабевлла бу орцанхой а, полицин белхахой а, меттигера бахархой а. ХIинца каронза ю Дагестанехь а, Нохчийчохь а лоьхуш йолу 8 шо долу Омарова Калимат. Иза яйна Дагестанерчу Каспийскехь Товбецан-беттан (Июль) 29-чу дийнахь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Доьзалш Шемара цIаберзаре сатуьйсу Мохидилхонас

Шен воьIан бераш Шемара маьрша цIадерзадар доIанашкахь доьху Деле Мохидилхонас. Массех шо хьалха, майрачух къайлах, шеца бераш а дуьгуш, едда цуьнан нус, юхьанца Туркойчу кхаьчна, цигара - ДаIишо олалла дечу метте. Уьш стенгахь бу, бу я бац дийна, хууш дац. "Тхайн цIарх а доцуш" цIе йолчу проектан шолгIа видео ю хIара.

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь уггаре хьал долууш бу ГуцериевгIеран доьзал - Forbes

Forbes (Форбс) журнало арахецна хIора шарахь ша хIоттош йолу Оьрсийчуьрчу уггаре хаьл долчу доьзалийн рейтинг. Цуьнца а догIуш хьалхарчу меттехь бу цхьаьнатоьхначу бахаман барам 5,97 миллиард доллар болу Гуцериев Минкаил коьртехь волу доьзал. Буьйцурш бу «Сафмар» тобанан долахой Гуцериев Михаил а, Гуцериев Саит-Салам а, «Фортеинвестан» инарлин директор Гуцериев СаьIид а, «М.видеон» инарлин директор Ужахов Билан а.   Стохка хиллачуьнца буьстича, церан бахаман терахь лахделла 3,94 миллиард долларна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь уггаре хьал долу доьзал бу ГуцериевгIар - Forbes

Forbes (Форбс) журнало арахецна хIора шарахь ша хIоттош йолу Оьрсийчуьрчу уггаре хаьл долчу доьзалийн рейтинг. Цуьнца а догIуш хьалхарчу меттехь бу цхьаьнатоьхначу бахаман барам 5,97 миллиард доллар болу Гуцериев Минкаил коьртехь волу доьзал. Буьйцурш бу «Сафмар» тобанан долахой Гуцериев Михаил а, Гуцериев Саит-Салам а, «Фортеинвестан» инарлин директор Гуцериев СаьIид а, «М.видеон» инарлин директор Ужахов Билан а.   Стохка хиллачуьнца буьстича, церан бахаман терахь лахделла 3,94 миллиард долларна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дозанан раж йохийна стаг лаьцна ФСБ-но Нохчийчохь

Вевзаш воцу вахархо лаьцна ФСБ-н Нохчийчуьрчу дозанан урхаллан эскархоша Чантыбарз олучу дукъехь. Таллам бича гучудаьлла иза меттигера вахархо Мусранилов А. хилар. Нохчйчуьрчу ФСБ-н урхаллан дозанхоша дийцарехь, цара елла бакъо а йоцуш, дозанна гергахь шен цIийнан хьашташна хьажийна юьртабахаман  белхаш беш хилла иза. Низам дохийначунна бехке диллина дозанца хIоттийна дозанан раж йохор. Цу стаганна гIуда тоха мегаш ду кхело 30-100 туьма барам болуш, нагахь цу тапйаниг лело мегар дац аьлла, варе а вина иза ца витахь.


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus