Добавить новость
World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Март
2018

Новости за 27.03.2018

Radiomarsho.com 

Зазадоккху-беттан 28-гIа тезетан де кхайкхийна Оьрсийчохь

Зазадоккху-беттан 28-гIа де тезетан де кхайкхийна Оьрсийчохь, Кемерово гIалахь махбаран центрехь цIеялар бахьана долуш адамаш кхалхарна. Официалан болчу хаамца, цигахь велла 64 стаг. Царна юкъахь дуккха а бераш ду. Оьрсийчохь тезетан де кхайкхочу указана тIе куьг таIийна президенто Путин Владимира.

Radiomarsho.com 

Пекино бакъ ца до Ким Чен Ын Китайхь хилла бохург

Китайн арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедар дина шинарин дийнахь, шаьш кхеташ дац Bloomberg агенталло Ким Чен Ын Китайхь ву аьлла бинчу хаамах аьлла. Нагахь цу тайпа керланаш хилахь уьш зорбане дохур ду шаьш, боху министраллан векалша. Хьалхо Къилбаседа Корейн куьйгалхо Ким Чен Ын Китай кхаьчна визитаца аьлла, хаам бинера Bloomberg агенталло, меттигерчу хьасташна тIе а тевжаш.   Хьалхо Ким Чен Ын-ан визитах лаьцна хаам бинера Японийн а, Китайн а зорбанан гIирсаша. Билгалдоккхуш ду Къилбаседа... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Бомбанийн дакъошца бандеролаш кхаьчна Iамеркан Коьртачу Талламан Урхалле

Iамеркан низамаш лардон органаша хаам бина оршотан дийнахь, Вашингтонехь а, цунна гонаха а дIатарйинчу тIеман а, талламан а хьукматашка, шайна юкъахь Коьрта Талламан Урхалла (ЦРУ) а йолуш, бандеролаш кхаьчна хиларх лаьцна, чохь лоьлхуьйту коьчаллийн дакъош а долуш. Зен хилла стаг вац. Федералан талламан бюро (ФБР) толлуш ю, и дакъош баккъалла а хилла я бомбанийн декъехь тарйина хилла бохург а, иза динарг мила хила мега бохург а.

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалахь цIе яьлча къелхаьрваьккхина хилла 145 стаг

Соьлж-ГIалин юккъехь тIекъелдинчу цIенах цIеяьлча кIелхаьрваьккхинера 145 хIусамхо, яздо "Кавказский узело", меттигерчу орцаллан министралла тIе а тевжаш. Нохчийчуьрчу Iедалша дийцарехь, даьгна цIа тодийр долуш ду гергарчу деношкахь. ЦIеялар бахьана толлуш бу говзанчаш.

Radiomarsho.com 

Кемеровохь цIеяларехь кхелхина 41 бер

Кемеровохь "Зимняя вишня" махбаран центрехь кхелхинчарех 41 бер ду, хаам бина гергарчара. Цу берийн цIераш тIехь йолу кехаташ дIаоьхкина бохам хиллачу нехан гергарчара кхоьллинчу штабехь. Верриг а кхелхина 64 стаг. Iуьранна гIалан администрацин гIишлонна хьалха ша-шаха вовшахкхеттачу митинге гулбеллера бахархой. Цара дехара Iедалшка, цIеяларх лаьцна бакъдерг дийцар.

Radiomarsho.com 

Кемеровохь хилла Путин

Зазадоккху-беттан 27-чу Iуьйранна, цIе ялар бахьана долуш, 60 сов стаг кхелхинчу Кемеровохь хилла Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Цо, белларш дагалоцуш, зезегаш дехкина цIе яьлла хиллачу махбаран а а, садаIаран а центран гIишлонна улле. ТIаьхьо Путина кхеташо дIаяьхьна цу гIалахь. Президенто емалдина ледаралла а, жоьпалла доцуш лелар а.

Radiomarsho.com 

Визитаца Китай вахана Къилбаседа Корейн лидер Ким Чен Ын

Къилбаседа Корейн куьйгалхо Ким Чен Ын Китай кхаьчна визитаца. Цунах лаьцна хаам бо, Bloomberg агенталло, меттигерчу хьасташна тIе а тевжаш. Цу хьокъехь официалан информаци цкъачунна гучуяьлла яц. Хьалхо Ким Чен Ын-ан визитах лаьцна хаам бинера Японийн а, Китайн а зорбанан гIирсаша. Билгалдоккхуш ду Къилбаседа Корейн лидер Китай цIерпоштаца вахана хилар. Иза дуьххьарлера визит ю Ким Чен Ын-а ша Къилбаседа Корейн куьйгалхо хIоьттичхьана кхеча пачхьалкхе йина йолу.    Хьалхо кху баттахь, Ким... Читать дальше...


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus