Добавить новость


World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Март
2018

Новости за 10.03.2018

Radiomarsho.com 

Бенойн БойсгIаран каш тIехь керла чурт доьгIна Дагестанехь

Нохчийчуьра а, Дагестанера а бахархоша а, политикаша а, юкъараллан жигархоша а дакъалецира Бенойн БойсгIаран кошана керла чурт хIоттош хиллачу гуламехь. БойсгIара цхьана нохчийн къоман турпалхо хилла ца Iаш, ерриге а Кавказан турпалхо хиларх лаьцна дийцира ГIачалкх эвлан кешнашкахь гулбеллачара.

Radiomarsho.com 

Бенойн БойсгIаран кошана керла чурт хIоттина Дагестанехь

Нохчийчуьра а, Дагестанера а бахархоаш а, политикаша а, юкъараллан жигархоша а дакъалецира Бенойн БойсгIаран кошана керла чурт хIоттош хилла гуламехь. БойсгIара цхьана нохчийн къоман турпалхо хилла ца Iаш, ерриге Кавказан турпалхо хиларх лаьцна дийцира ГIачалкхах эвлан кешнашкахь гулбеллачара.

Radiomarsho.com 

Шемахь доьхначу Ан-26 кеманан галъяьлла хилла тIоман механизм

Шемарчу Хмеймим тIеман базехь охьахууш доьхначу Оьрсийчоьнан Ан-26 тIеман кеманан галъялла хилла иза гIоттуш а, охьахууш а лелаш йолу тIоман механизм. Иза тIераяьлла кема охьахууш. Цунах лаьцна яздо "Коммерсант" газето шен хьастанашна тIе а тевжаш. Цу механизмаца йоьзна проблема бахьана долуш кема раз а даьлла чудаха доладелла масетта бIе метар лакхара дуьйна. Ан-26 кема доьхна Зазадоккху-беттан 8 дийнахь. Цу тIехь хилла 39 стаг. Уьш берш белла.

Radiomarsho.com 

Вайнехан кхачанаш а кечбеш, зударийн де даздина Венерчу нохчаша

Дуьненаюкъарчу зударий денна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира  Австрерчу нохчийн нанойн цхьаьнакхетаралло. И цхьаьнакхетар тIаьхьатеттинера цара Зазадоккху-беттан 8-чу дийнахь Нохчийчоьнан президент Масхадов Аслан кхалхар нисдаларна, боху иза вовшахтоьхначу юкъараллан декъашхоша.  Венерчу интеграцех йолчу магистратаца цхьаьна вовшахтоьхначу цхьаьнакхетарехь гулбеллера нохчийн наной шайн доьзалшкарчу зудберашца цхьаьна. Хьалакхуьучу мехкаршна нохчийн кхачанаш муха бо а гойтуш, цхьаьна цхьаьна чIепалгаш а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дагестанехь полисхо къера хилла ша Росгвардин ши эскархо верна

Росгвардин ши эскархо вер хьокъехь бехктакхаман гIуллакх долийна Дагестанехь. Иза дарна бехке веш ву полицин белхахо. Талламан комитетан Дагестанерчу урхалло бинчу хаамца, полисхо къера хилла, ша ши эскархо верна, хаам бо "Российская газето". Бахьана ду ахчанца доьзна. ТАСС агенталло бинчу хаамца, полисхочо герз тоьхна вийна шегара ахча даккха гIерташ волу Росгвардин ши эскархо. Дагестанерачу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан куьйгалло дIахьедар дина шаьш и стаг балхара дIавоккхур ву аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оппозицица юкъаметтигаш дIакхехьа кийча ву Путин

Оппозицица юкъаметтигаш дIакхехьа кийча ву ша аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, Iамеркерчу NBC телеканалана еллачу интервьюхь. "Суна луур дара цу нахаца юкъаметтигаш дIакхехьа, тхайн пачхьалкх кхин а онда а, конкуренци ян аьтто болуш а, кхин а эвсара а, шех кхачам болуш а хилийта", - аьлла Путина. Навальныйна геч дан кийча вуй хьо, цуьнга президентан харжамашкахь дакъалацийта аьлла, NBC-н корреспонденто шега хаьттича Оьрсийчоьнан президенто жоп делла, "геч дан мегар ду муьлхха а стагана... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Сутара хиларца гIараваьлла бизнесхо 7 шаранна набахте хьажийна Iамеркехь

Нью-Йоркан кхело 7 шо хан кхайкхийна цхьацца харцонаш лелорца вевзаш волчу Iамеркерчу бизнесхочунна 35 шо долчу Шкрели Мартинна. Бехкбиллархоша дехара суьдхошка цунна набахтехь даккха 15 шо тохар.  Шкрели цIе гIараелира дуьнененрчу газеташкахь 2015-чу шарахь, цо, ВИЧ-инфекцийна дуьхьал даьккхина молха арахоьцу Daraprim фирма а эцна, 13,5 доллар доккхучу цхьана буьртиган мах 750 долларе хьалабаьккхинчул тIаьхьа.    Амма хIинца цунна кхел яр доьзна дац цуьнца. Шкрелина хан тоьхна финансашца бозбунчаллаш лелорна.

Radiomarsho.com 

Росгвардин ши эскархо вийна Дагестанехь

Росгвардин ши эскархо вийна Дагестанехь Герга эвлахь. Бахьана ду дахаран хьелашкахь дар-дацар хилар.  "Интерфаксо" бинчу хаамца, куьгбехкенаг лаьцна Iедало. Иза вац къайлаха герзаца лелачу тобанийн декъашхо.  Дов даларан бахьанах лаьцна бина хаам бац.


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus