Киеве кеманан билет эцна Саакашвилис
Журналистана Гордон Дмитрийна еллачу интервьюхь Саакашвилис билгалдаьккхина, шегара махкалла дIадаьккхина карарчу хенахь волу Украинин президент Порошенко Петро шолгIачу муьре вера вац аьлла. Цул тIаьхьа цхьана а дозанхочо кхочуш дийр дац цуьнан омра, тешна ву Саакашвили.
Президентан харжамаш хир бу Украинехь кху беттан 31-чу дийнахь. Саакашвили агитаци еш вац цхьана а кандидатехьа, амма цо аьтто бойла аьлла Тимошенко Юлияга.
ТIаьххьара болчу талламашца, кандидаташна юкъахь хьалхаваьлла воьдуш ву забарча Зеленский Владимир, ткъа Порошенко а, Тимошенко а къуьйсуш ду шолгIачу муьре аьтто бийр болу шолгIа меттиг.