Кхаъ оьцуш лаьцна техникуман бахаман доладархо
Талламхоша дийцарехь, Чиллан-бутт болалуш цуьнга цхьана жимачу стага дехар дина хилла, балха воьдуш накъосталла дахьара шена аьлла. Бахаман доладархочо жоп делла, 50 эзар сом лахь дешаран техникумехь техникан болх каро аьтто бу аьлла.
Болх лоьхург латкъам эцна ницкъаллийн структурийн органашка вахана. Ткъа цара кхаъ оьцуш лаьцна техикуман директоран когаметта. Таллам дIабоьдуш бу.