Саратова: турпалхо хила болх бан оьшуш ца хилла, набахте кхача везаш хилла
Цуьнан лацарх "цхьаболчу нахана пиар" ма е, доьху бакъонашларъярхочо. Леррина, Нохчийчоьнах вониг дийцийтархьама лелош хIума ду иза аьлла Саратовас.
Оцу юкъанна, дика цIе йоккху Титиевн Нохчийчохь а, дозанал арахьа а. Кавказан къаьмнийн Ассамблейн хьалханчас, масех шарахь набахтехь латтийначу Кутаев Руслана мукIарло до, шена тIехь кхел йоьдучу заманчохь процессехь хуьлура Титиев аьлла.
"ХIора кхелан кхеташоне вогIура иза, чохь хуьлучийн суьрташ дохий а, царна кхерамаш туьйсий а хуушшехь. Юьхьанца суна ца хаьара, иза муьлхачу организацера ву. Тийна, тапъаьлла, цхьа гIаравийла а ца лууш стаг вара иза. Нохчийчохь вехаш волуш, цу кепара болх бар - турпалалла ю", - элира "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь Кутаевс.
Политикан тутмакхийн тептаре ваьккхина Титиев Аюб цхьа могIа дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран организацеша.