Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчашна тховкIело ца яларна Литвана гIуда тоьхна Страсбургерчу кхело

 




 


Францерчу Страсбургерчу Европан адамийн бакъонашкахула кхело Литва бехке йина Нохчийчуьра бедда тховкIело йоьхучу доьзалан бакъонаш йохорна. Цунах лаьцна хаам "Кавказский узело". 2017-чу шарахь бIаьста 7 стагах лаьттачу нохчийн доьзало кхузза дехар дина хилла Литван Iедалшка, шаьш цу махка чудитахьара бохуш. Амма хIораза а церан дехар юхатоьхна цу пачхьалкхан Iедалша.


ЦIарца вуьйцуш воцчу пхеа беран дас дийцина Страсбургерчу кхеле, Нохчийчохь ницкъаллин структурийн белхахоша ша хьийзорах лаьцна. 30 шо долчу цу стага чIагIдарехь, иза дакъалоцуш хилла Нохчийчуьрчу шолагIчу тIамехь. И бахьана долуш цуьнан керта баькхина хилла меттигерчу полицин белхахой. Иза левина уьш дIабаханчул тIаьхьа цуьнан хIусамна тIелатар дина хилла коьртах туьтамIаьжгаш йоьхкина баьхкинчу наха.


Махках вала аьтто шен ца баьлча 2009-чу шарахь иза ша вахана болх бан ницкъаллин структуре. Кхечу эскархошца цхьаьна цо тIом бина селхана шен накъостий хиллачу нохчийн тIемалошца, ткъа иштта ларбина лаккхарчу даржашкахь болу нохчий Iедалхой.


2015-чу шарахь балхара дIаваьла иза. Ткъа 2017-чу шарахь айкханча вина цуьнах, лаьцна чувоьллина ницкъ а бина.


Полшин а, Литван а дозанашкара масийттазза юхаберзийна хилла болу цуьнан доьзал эххаре а бисина Беларусехь. Нохчийчуьрчу полицино гергарчу нахехула тIекхуьйкхуш хилла хIусамда, шайна тIевола бохуш. Ткъа 2017-чу шарахь полицера рогIера кехат деъча Беларусин Iедалша цIахьовcийна уьш. Цул тIаьхьа доьзалан да лаьцна хьийзийна полицехь.


Талламан изоляторера арваьлча иза дIакхетта Полшехь мухIажарийн центрехь болчу шена доьзалх. Цигахь цу доьзало юха а тховкIело ехна Полшин Iедалшка.  


Цу нахана кхерам хилар тидаме а эцна, церан дехар къобул ца дарна 22 эзар евро барамехь компенсаци яла декхарелахь йина Литва Страсбургерчу кхело. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus