Кавказерчу регионашна юккъера посташ дIаяха еза аьлла Кадыровс
"Къилбаседа Кавказан регионаша административан дозанаш дIацIандан деза блокпостех. Массо а республикашна юкъахь посташ ю хIиттийна. Царех хуьлуш пайда а бац. Зуламхой дехьа ца билийта тухуш ду и зайлаш? Царна дехьа-сехьа бийла некъаш карор ду ишта а. Вуьшта, бахархоша дукха хан йойу цу дуьхьалонех чекхбуьйлуш", - аьлла, яздина Кадыровс шен Телеграм-каналехь.
Кадыровс бахарехь, "Кавказ а. Оьрсийчоь а цхьанатоха еза, царна юккъе дозанаш а ца детташ".
Соьлжа-Гiаларчу медиафорумехь Матовников Александре а, массо а регионийн куьйгалхошка и хаттар дийцаредаккха аьлла Кадыровс.