Добавить новость


World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Байначу гIалгIайн гергарчара пикеташ йолийна Мисаран векалтехь

Мисарахь вайначу пхеа ГIалгIайчуьрчу студентийн гергарчара кхааридийнахь Москохарчу пачхьалкхан векалте дехар дина, шайн нах схьалохуш гIо доьхуш. Ишта дIахIиттина пикет а дIаяьхьна цара гIишлонна хьалха, шайн кIентий схьабоьхуш.


Маршо Радионо яздира, Мисарахь вайначу ГIалгIайчуьрчу пхеа студентах хаам бац, я уьш болу меттиг юьйцуш а яц аьлла, "Кавказан узел" агенталлана тIе а тевжаш. Вайначех цхьахволчун, Плиев Рамзанан йишас кхачийнера агенталле и информаци. 


Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло довзийтира, шайна хетарехь, гIалгIайн пхи студент Мисарахь дIалацаран бахьана. Оцу пачхьалкхехь еххачу ханна хила бакъо а йоцуш, доьшуш, бехаш хилла уьш аьллера министраллехь.


Кхааридийнахь консулан гIоьнче яздина кехат-дехар чуделла байначу кегийрхойн гергарчара, шайн берийн а, цара доьшучу меттигийн а цIераш билгалйохуш.


Дугиева Джанната "Кавказан узел" агенталле бинчу хаамашца, иза йоцург а, кхин а виъ стаг веара цуьнца Оьрсийчоьнан векалте. Шайгара кехат схьаийцира, амма къаьстина элира цара, "консулалла Оьрсийчоьнан дозан тIехь бехачу Мисаран бахархошна гIо латтош ю, Мисарахь байначу оьрсийн бахархошна гIо ца латтадо" шаьш аьлла.


Векалтан гIишлочуьра арабевллачул тIаьхьа цхьааллин пикеташ дIаяьхьна байначийн гергарчара, Iедалхошкара бакъо а ца йоьхуш.


"Марсхьокху-беттан 14-чохь Оьрсийчоьнан пхи вахархо дIалаьцна Мисарахь. Схьало тхан кIентий" аьлла, плакат кара а эцна, лаьттира уьш. Новкъарло ца йира шайна цхьаммо а, векалтан белхахочо тIе а веана, шен телефонца сурт даккхар доцург аьлла, дийцина Дугиевас.


 


 


 


 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.


Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus